ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвили Михаилан хьалхарчу гIулчех баккхийбе украинахой


Украинерчу Одесса кIоштан губернатор Саакашвили Михаил, 2015.
Украинерчу Одесса кIоштан губернатор Саакашвили Михаил, 2015.

Гуьржийчохь президент лаьттина Саакашвили Михаил Одесса кIоштан губернатор хIоттор кеп-кепара туьду Украинехь дуккхаъчу политикаша. Амма цо шена президента Порошенко Петрос тешийначу даржехь хIинцале а болийна бан бIаьрла хийцамаш.

Президентан Порошенко Петрон омрица Гуьржийчохь президент Iийначу Саакашвили Михаилна, иза Одесса кIоштан губернатор хIоьттавале хьалха сихонан кепехь Украинан вахархочун паспорт делира.

Оцу муьрехь Саакашвили Михаила шен къамелашкахь дуккхаза а хаийтира шегахь Украине безам буйла а, цигарчу конфликтна ша сагатдойла а.

Делахь а, меттигерчу политикашна а, гонахарчу мехкашкарчу тергамчашна а цIеххьана дара Одессан губернаторан дарже Саакашвили кхачар. Порошенко Петрос довха дешнаш элира цунах, шена и вевза 25 шо ду, дашна алархьама а доцуш, дечу гIуллакхца а билгал ву Саакашвили, Украинана пайда цо бохьур хиларх шеко а яц, аьлла.

Тайп-тайпана зорбано, интернетан машанаша, Украинан, Гуьржичоьнан, Оьрсийчоьнан политикаша тахана боккхачу тидамца йийцарейо Одессан керлачу губернаторо шен даржехь йоху хьалхара гIулчаш.

Украинерчу бахархойн доккхачу декъанна даржехь декъалво Саакашвили Михаил. Амма политикаша кхечу махкара веъна стаг оццул лакхарчу дарже хIоттор шина декъе а бевлла дийцаредо. Бу царалахь ца товш берш а. Делахь а, резахилларш алсам бу ала тарло ладоьгIча.

Радикалан партин лидерна Ляшко Олегна хетарехь, украинахошна эхь ду Саакашвили хIоттор, 45 миллион махкарчу бахархошлахь губернаторан дарже хIотто хьакъверг ца хилча санна делла цуьнга дарж.

Украинан президента шен къам кIезиг ларар, доллучу дуьнене, украинахой гунахь бац шайн пачхьалкхах доладан, цигара хьелаш тодан, бохург санна лору Саакашвили дарже хIоттор Ляшкос. «Президент а кхечу пачхьалкхера валийча хIун дара-те?», бегашбеш яздо цо шен Фейсбукерчу агIонтIехь.

Ткъа Украинерчу олигархна, политикна Коломойский Игорна хета Саакашвилис Одесса Оьрсийчоьнна дIалур ю аьлла.

Саакашвили Михаил дарже хIоттор ца тайна, цуьнан бух охкуш хьийза кхиберш.

Украинан низамаша пачхьалкхан даржехь хила бакъо ло стаг пачхьалкхан вахархо а велахь, цунна къоман мотт а хаахь. Цул совнаха, оцу пачхьалкхан паспорт схьаоьцуш стаг хилча, иза декхареву шен вукху хьалхарчу мехкан вахархочун паспортах вала. Гуьржичоьнан а, кхин а мессех мехкан а паспорташ кисинахь а долуш Украине веана Саакашвили губернаторан дарже хIоттор къобал ца до цхьаболучара.

Чилан-баттахь Гуьржийчоьнан Iедало дехнера Украине Саакашвилина экстрадици яр, амма иза жоп доцуш дитина Порошенкон Iедало.

Губернаторан дарже хIоттийна бутт а бац, амма яккхийчу Iалашонашца, чухьаьдда, хийцамаш беш схьавогIу Саакашвили Михаил шена тешийначу Одессан кIоштан урхаллашкахь.

Шинарийдийнахь кIоштан прокурорашца хиллачу цхьаьнакхетарехь губернатора шогга бехкбаьккхира, цара коррупци кхиийна, яржийна, бохура. Пачхьалкхан коьрта Iалашо белхан меттигаш кхоллар, бизнесхой тIеберзор ю, коррупцино инвесторш къехкабо, элира цо.

Саакашвили: «Прокурорийн декхарш инвесторш кхерор-м дац? Хьажахь, со инвестор ву, чувог1у со. Дац суна шуьгара хуьлуш я г1о, я доттаг1алла а. Аш боху соьга, схьало хьайн бан леринчу белхан кехаташ, цхьана дийнахь хьуна дуьхьал бехктакхаме г1уллакх даккха суна бакъо луш. Цуьнах олу рэкет, жоьлкалла. И ду-кх шун декхарш а, шуьгара хуьлу г1о а.

Ас могуьйтур дац шуна! Я жоьлкалла, я Украинан халкъ! Суна девзина кхузара хьал, суна гина мецчу халкъан б1аьргаш. Аш т1аьххьарчу ахчанах боху уьш, ца дог1у ахчанаш цаьргара дохуш. Х1ара къамел ас денна дийр долуш ду шуна, шу нисдаллалц. Вайн барт хир бац и тайпа харц зуламаш аш мел леладо. Кхечу пачхьалкхера бизнес лело стагга а вог1ур вац кху чу, со бизнесхо хилча, тоххара д1авахна хир вар-кх со кхечу махка.

Пачхьалкхан интерес суна гарехь, хетарехь белхан меттигаш нахана кхоллар, бизнесхойн лаам хилийта цунна шена а, вайна пайда бан,царна т1е чан ца юьлийтуш, уьш ларбар, бахархошна белхан алапаш шен хенахь д1адалар кху мецачу заманчохь.

Кхин х1ун итересаш хила еза Украинан тахана? Хьан ларбо тахана мог1арера нах? Цхьаммо а ца ларбо! Цундела вай болх бан ма-беззара бо, ца бахь ас т1ом латтор бу даржехь болчу, харцо лелочу нахаца».

Даржехь вахлур вац Саакашвили Михаил, бохуш, цхьаболучара паьлнаш тийсахь а, дахар тодаларе догдохучу одессахоша хаамаш бо интернетехь, х1инцале беркате г1улчаш йохуш схьавогIу шайн губернатор бохуш. Цкъачунна хууш дац, хьенан прогноз хир ю бакъ. Делахь а, товш-м ю нехан лергана цо меттигерчу хьаькамашна довдеш интернетехь яьржина видеош.

XS
SM
MD
LG