ТIекхочийла долу линкаш

Кремло "троллашца" хьоьшу маршо


Белорусехь троллингна дуьхьал йина шарж

Белорусехь троллингна дуьхьал йина шарж

Оьрсийчуьра а, Украинера а блогаш, цара Кремлах лаьцна иза резайоцург яздешшехь, дIакъуьйлу тоъал бух а боцуш. Иштта хьоьшу Оьрсийчоьно интернето елла дешан маршо.

Интернетехь нехан блогаш, социалан машанашкара агIонаш еша а йоьшуш, уьш президентна Путин Владимирна я цуьнан гонна ца товш нисъелча, доменийн дайшка низамехь бух боцу аьрзнаш а деш, дIакъуьйлуьйту кибер-дуьхьалончаш дуккха а баьржина Оьрсийчохь.

Ишттачу нахах интернетан маттахь олу «троллаш» - нехан къамелашна юкъа а буьйлуш, цаьрца къийсалуш, девнаш а дохуш, Iедале мотт бетта Кремлан гIоьнчаш.

Маршо Радионо къамелдира дукха хан йоццуш 17 шо долчу Подольск гIаларчу Колесников Владца. Цул тIаьхьа цуьнан интернетерчу доттагIийн чот 5000-нал а совъелира. ХIун дара Колесниковгара даьлларг?

Иза Подольскерчу техникумера дIаваьккхира цхьана дийнахь, Украинан байракх а, буха диллина «Юхаерзае ГIирма!» йоза а долуш коч йоьхна ша тIекхайкхинчу тIеман комиссариате вахарна. Иштта цIера эккхийра КГБ-н белхало цхьа заманахь хиллачу дедас а. ЦутIе полициа а елира Владна тIаьхьа, мичара яьлла цунна и коч, аьлла.

Колесниковн Фейсбукехь гоьяьллачу агIонера къамелаш-комменташ цIеххьана дIакъевлина деношкахь. «ХIара хаам кхин бац тIекхочехь, спам-нехаш иза хиларна, я цо нах сийсазбеш хиларна», олий, жоп ло къамеле хьажа воьлча.

Ша Оьрсийчохь лелачу харцонашна дуьхьалверзийнарг пачхьалкхан гимн гонахара дуьненца йогIуш яцар ду боху Колесников Влада. Иштта цо довзийтира ша къоштан комиссариате Украинан байракх куча тIехь а йолуш вахча хIоьттина сурт.

Колесников: «Доцца аьлча, тIеман комиссариатехь со хьерабевллачийн могIара язвина, Украинан байракх а йолуш медкомиссе а веана, сайна хетарг аларна, ас ГIирмина анекси йина, Донбасс оккупацехь ю аларна. Ткъа соьгахь тоьшаллаш ма ду, факташ ма ду. Доцца аьлча, со пачхьалкхан юьхьIаьржо а йолуш дирзира-кх».

Шеко яц Колесников Владан шена Фейсбукехь Кремлна болхбечу троллийн тоба тIелетта хиларх. Путинехьа болчу оьрсийн патриоташа дийриг ду иза – эзарнашкахь цара шайна ца товчу политикашна, могIарчу интернетхошна аьрзнаш кхоьхьуйту Фейсбукан урхалле, церан агIонаш дIакъовлуьйтуш. Тамаше делахь а, машанан администрацино таллам а банза кхочушдо троллийн дехарш.

Фейсбуке дIахьедар кечдина 10 эзар сов интернетхочо кху муьрехь, оцу социалан машано шех пайде герз дайтина Кремле, аьлла. Шайна и тайпа тIелатар динчаралахь бу бевзаш болу блоггерш Навальный Алексей, Акунин Борис, Пионтковский Андрей, Носик Антон, дуккха а кхиболу бевза нах.

"Троллаша" леррина тергойо шайн мостагIашна тIехь, лоьху уьш интернетера дIалакъо бахьанаш. Маршо Радион оьрсийн сервисо масал далош йовзуьйту топ-блоггерца Адагамов Рустемца троллаша лелаен гамо.

Бутт хьалха дIакъевлира Фейсбукера цуьнан агIо. Бахьана дара цо Норвегерчу музейра дуьненан шолгIа тIом боьдучу заманахь Керла Шо даздеш базанашна наха тIеухкуш хиллачу тайнагийн суьрташ шен агIонтIехь гайтар.

Хиллачух Адагамовс дийцира Маршо Радионе. Ша цец ца волу бохура цо Ворнежехь, масала, Вконтакте машанан агIонтехь цхьана журналисто дуьненан шолгIа тIом боьдуш шайн куьпахь даьккхина хилла сурт тIетохарна Iедало гIуда даккхарх. Ширачу оцу суьрта тIехь гуш-цагуш ю фашистийн байракх.

«Ас Фейсбуке Норвегерчу музейра гайтинчу тайнагашна тIехь а яра гуш фашистийн байракхаш. Иза тахана хьажча, кIоршаме хеташ хиларна бен ас а ца хIиттийнера и суьрташ сайн Фейсбуке», - бохура Адагамов Рустема.

Яхначу заманера сурт даржо цхьана а низамо ца доьхку. Амма троллашна бахьана ду ша а, ша санна маьрша нах а социалан машанашкара дIалакъо, бохура блоггера. Ткъа иза дийриг Кремлехьа болу могIархой хилла ца Iаш, низамхойн а бу аьлла хета Адагамовна.

Къаьсттина дукха бу Украинехьа хиларна социалан машанашка арз а дой, "троллаша" агIонаш дIакъуйлуьйту нах. Оцу маьIнехь аьлча, политикан тIемаш вуно марсабевлла боьлху дуьнентIехь уггаре а дукха адам чохь лаьттачу Фейсбукехь.

Одессан губернатор хIоттийначу Саакашвили Михаила нахаца къамел деш даьккхина сурт чудиллича, деношкахь агIо дIакъевлира журналистан Капустин Александран. Маьттаза, беламе дара Фейсбукера шен агIо елла воьлча цунна делла жоп – порнографи ца яржаяйта къевлина, бохура цо.

Интернет, социалан машанаш, хууш ду, тоьлаш схьайогIу телевиизонашца, радиоца, газеташца шайн кхоллаеллачу конкуренцехь. Оцу толаман коьрта мукъ бу маршо, дешан маршо. Кийрахь мел IаьIинарг охьадилла маьрша ву хьо интернетехула. Цуьнга хьажжина, жигара оцу маршонашна тIе нуьйр тилла гIерташ хьийза Iедал а.

Оьрсий бехачу мехкашкахьчул а луьра бу Iедалан къийсам фейсбукьхошца, Вконтакте машанерчу, Одноклассникичуьрчу нахаца, иштта телефонерчу ватсапца а Нохчийчохь.

Интернетна а, телефонерчу ватсапна а ен терго эвсаръяккха декхаребеш, Кадыровс кест-кеста тIегулбо шена полицин хьаькамаш, кхийолчу низамийн урхаллашкара нах, декхаребо уьш интернетна хадеш хила, къамелашкахь маьршабевлла нах дIасовцон.

Ши кIира хьалха цо шен гоне къамелдира, ша шена гергахь иттех "тролл" латтаво, амма изза болх полисхоша а бан беза аьлла.

Кадыров: "Аш болх кIезиг бо, банне ца бо. Республикехь массо а тIаьхьа а ваьлла, къоштийн дай тIаьхьа а бевлла, дешна нах ма бу вай эзарнашкахь, цаьрца цхьаьна, уьш шайн кIошташкахь, ярташкахь буьйлабелла лоьлуьйтуш, буьйсанна, дийнахь, дIа а ца буьйшуш, къахьега деза.

Доцург дуьйцу нах, уьш уггаре чIогIа мостагIий бу вайн. Интернетерчу тобанашна юкъа а бовлуьйтуш, ахь ноьмар схьаэцчхьана, хьанна а чувалало шуна. И тобанаш кара а еш, цара дуьйцург хIун ду а хьожуш, тIаккха таIзарш де.

Ас цхьа итт стаг ву охьахаийна. Иштта билгал а бохуш, совцабе хIара нах".

Москох я Петарбухахь ца леларг лела Нохчийчохь. Оцу шина шахьарарчу мэраша я губернаторша, масала, ца кхуьйлу шайна тIе машанашкахь ца тайна нах, Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана санна. Лелча аьшнашка а бохур бара оьрсаша. Ткъа нохчашна тIехь Кремло лелон магош ю цхьанхьа а лелаш йоцу харцо.

Миллионаш адамаш шех тешачу Фейсбуке до шайн хаттар Навальныйс а, Адагамовс а, Пионтковскийс а, Акунина а, цаьрца цхьаьна петицина буха куьйгаш яздинчара а: стенна могуьйту социалан машано Кремлан харц лаамаш кхочушбеш хьийзачу ницкъашна интернетехь бен йисина а йоцу дешан маршо лакъош хьийза?

Жоп цкъачунна далаза бу Фейсбуках беркат а даьлла, миллиардераш хилла цуьнан дай.

XS
SM
MD
LG