ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бераш доьхкина нах лецна Гуьржийчохь


ХIинцца дина бераш духкуш хилла аьлла кхо стаг лаьцна Гуьржийчохь. Царах цхьаъ ву Руставера бераш даран хIусаман инарла директор Баравков Александр, важа ву цуьнан когамета Манджавидзе Константин, ткъа кхоалгIа ю «Керла бераш даран центр» кхоьллина йолу Угрехелидзе Мзия.

Талламхоша дийцарехь, цара доьхкина лаххара а хIинцца дина ши бер. Цхьаннах цара эцна 1300 доллар, шолагIчуьнан мах хилла 5000 доллар. Нагахь и нах бехке хилар тIечIагIдахь царна хенаш тухур ю 12-нна тIера 17-тта шаре кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG