ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь болх бийра бу Оьрсийчоьно ГIирмехь дIакъевлинчу телеканало


Хьалхара ГIирмера гIезалойн телеканал «Украина ART» юха а болх бан йолалуш ю Украинин территорина тIехь. Цунах лаьцна хаам бина Украинин Информацин политикан министралло. ГIезалойн телеканал дIачIегIира Оьрсийчоьнан Роскомнадзор олучу урахалло кху шеран Охан-беттан Хьалхарчу дийнахь. Цу хенахь дуьйна шен информаци интернетехь яржош яра иза.

Оьрсийчоьнан Iедалша «Украина ART» телеканал йоцург дIачIегIира кхин а «Лейл» телеканал а, «Мейдан» а, «Лидер» а радиостанцеш а. Цара шайн материалаш эфире яхара ГIирмарчу гIезалойн а, украинахойн а, оьсрийн а меттанашкахь. АТR телеканалана тIехIиттинера дуьненаюкъара бакъонашларъярхойн организацеш а, дуккха а пачхьалкхаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG