ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вуно дукха рицкъ дайина 2014-чу шарахь адамашна ницкъ беш


Адамашна тIехь ницкъ беш 2014-чу шарахь дайина 14 триллион 300 миллиард доллар. Вуьшта аьллча кху дуьнентIехь арахоьцучу рицкъан 13, 4 процент. Оццул дукха ахча цкъа а дайина дацара тIеман конфликташкахь а, тIемашкахь а. Цу ахчанан барам буста мегар ду Канадин а, Германин а, Испанин а, Британин а экономикаш вовшахтоьхча хуьлучу барамца.

И хаам зорбане баьккхина Кхаарин дийнахь «Глобалан машарбезаран индекс» олу хIора шарахь таллам бечу Австрехь туп тоьхна йолчу Экономикан а, машаран а институто. Таллам беш тидаме эцначу 162 пачхьалкхах уггаре а девне пачхьалкхаш лаьрра Шема а, Иракъ а, ОвхIанистан а. Уггаре а машарен пачхьалкхаш ю Исланди а, Дани а, Австри а.

Машар безаш хилар дустуш 152 гIа меттиг дIалоцуш йолу Оьрсийчоь уггаре а девне пачхьалкх лаьрра талламхоша Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу пачхьалкхех. Экономикан а, машаран а институто бинчу талламца, дIадаханчу шарахь тIеман конфликташкахь вийна 180 эзар стаг. 2010-чу шарахь и терахь дара 49 эзар.

Дан амал а доцуш бисинчу нехан терахь ду 50 миллион стаг. И тайпаниг хилла дацара ШолгIа дуьненера тIом дIабирзинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG