ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харц тоьшаллаш дарна чувоьллина ЦарнаевгIеран вовза-везар


Iамеркехь Массачусетсерчу федералан кхело ши шо ах шо хан тоьхна 20I3-чу шарахь Бостонерчу марафонехь эккхийтарш динчу вежаршна ЦарнаевгIарна гIо динчу Матанов Хайрулложонана. Иза бехке вина харц тоьшаллаш дарна. ГIиргIизойчура Матанов таксилелорхо хилла. Лелхийтарш дина диъ де даьлча цо полице а вахана хаам бина шена зорбанан гIирсашкахула даржийначу сурташна тIехь ЦарнаевгIар бевзина аьлла.

Амма цо харц дерг дийцина хилла шена и шиъ дIоггара вевзаш а вац аьлла, теракт хилла масийтта сахьт далале ша и шиъ хIумакхалла кафе кхайкхина хиллашехь. Шена хан кхайкхийча бIаьргех хиш а девлла Iедалшка шена къинтIера довлар дийхира Матановс.

Царнаев ЖовхIарца доттагIалла лелийна кхин а кхо стаг ву чувоьллина бакъо а, низам а толарна новкъарло йина аьлла. Царах шиъ Казахстанера ву, кхоалгIа ву Iамеркахо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG