ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн гIуллакхашна Малхбузе юкъагIерта оьшуш дац боху Путина


Малхбузера пачхьалкхаш юкъагIерта ца оьшу шайн гIуллакхашна аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, Петарбухехь дIайоьдучу экономикан форумехь вист хуьлуш. Ултиматумаш а хIиттош, шайца къамелаш дан ца оьшу цхьаммо а бохуш вара иза.

Украинера конфликат ницкъаца дIаерзо гIертар цкъа а къобул дийр дац шаьш элира цо. Путина ша сатесна ву элира ГIажарийчоьнан зарратан программа хьокъехь дуьненаюкъараллан ТехIранца маслаIат кароре.

Цо иштта элира шаьш Шеман президентана Асад Башарна тIехIиттаран бахьана дара, иза ницкъаца даржах вохоро тIом марсабаккхар а бен, цхьа а диканиг дохьур цахилар аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG