ТIекхочийла долу линкаш

Грецехула газан биргIа йилла дагахь ю Оьрсийчоь


Туркойчухула Европе дIаяхьа лерина йолу газан биргIа Греце дIакхачор хьокъехь меморандум тIеэцна Грецино а, Оьрсийчоьно а. Цу документана тIе куьйгаш таIийна Петарбухехь экономикан форуман кулуарашкахь Оьрсийчоьнан энергетикан министро Новак Александра а, Грецин экономикан министро Лафазанис Панайотиса а.

Меморандуи тIеоьцуш Лафазаниса дIахьедар дира, хала хан тIехIоьттина йолу Греци тIеIаткъам оьшуш яц, накъосталла оьшуш ю, ткъа цо Оьрсийчоьнца лелон юкъаметтигаш кхечу Европерчу пачхьалкхашна дуьхьал хьажийна яц аьлла.

Оьрсийчоьнан «Газпром», Украина юьстах а юьтуш, газанан биргIа йилла дагахь ю Туркойн пачхьалкхехула Европе газ кхачор Iалашонца. Амма цу хьокъехь кхоччуш барт бина бац туркошца. Оцу вариантана дуьхьал ю Евробертана юкъайогIуш йолу пачхьалкхаш а.

XS
SM
MD
LG