ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МеттахIоьттина нохчийн рузма


Нохчийн рузма, 2010
Нохчийн рузма, 2010

МеттахIоттийна нохчийн рузма а, яртийн, кIотарий цIераш а. Амма мел хан оьшу и цIераш адамийн матте а, коьрте а ерза, хууш дац.

Шераш дара нохчашлахь беттанийн цIерш - рузма - шайн маттахь хила еза боху къамелаш лела а, оцу тIехь говзанчаша болх бо а. Бакъду, масийтта шо дара Марш Радионо шен эфирехь а, интернетан сайт тIехь нохчийн маттахь беттанийн цIерш лелон. ХIинца Нохчийчоьнан Iедалша тIеэцна церан шайн кеп

Цуьнца доьзна дара оха кху кIиранах Маршо Радион эфирехь дийцаре дан диллина хаттар.

Шуна муха хета Нохчийчохь тIеэцна беттанийн цIерш? Лелон аьхна хир ю аьлла хетий шуна уьш?

Нохчийчура Iедалша тIеэцначу беттанийн цIершна резахиллачех ву 13% кхаж теснарш.

Цхьаерш хийцича дика хир дара аьлла хета 33%

Тхо реза вац Нохчийчура Iедалша тIеэцначу беттанийн цIершна аьллачийн 46 %.

Суна башхалла а дац уьш мухха хилча аьлларш 8 %.

Баркалла шуна дакъа лацарна тхан хIора а хеттаршкахь.

Нагахь санна жамIашца шу реза дацахь, аьтто бу и хьал хийца тхан сайтехь Radiomаrshо.com

XS
SM
MD
LG