ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Словенехь дIахецна Харадинай Рамуш


Сербин дехарца Словенехь лаьцна волу Косовон премьер-минитср хилла Харадинай Рамуш дIахецна кхелан сацамца. Суьдо сацам бина цуьнан дипломатин иммунитет ю, цундела иза маьрша ву аьлла.

Харадинай Косовехь политикан оппозицин лидер ву. 1998-чу а, 1999-чу а шерашкахь сербашца тIом боьдуш иза куьйгалла деш вара партизанийн тобанна. 2004-чу а, 2005-чу а шерашкахь Косовон премьер-министр хилла Харадийнай Словенехь лацарна эргIад бахана бара косовараш.

Цара иза турпалхо лоруш ву, сербашна дуьхьал лаьттина волу. Сербин автономин мохк хилла Косово йозуш йоцу пачхьалкх хилира 2008-чу шарахь. Харадинайна шозза кхел йина ХIаагерчу дуьненаюкъарчу кхелехь. Амма шоззе а бехказа витина иза.

Харадинай Рамуш дуккха а дIасалелаш ву Европерчу пачхьалкхашкахула. Оццу Словенехь а хилла иза масийттоза. Кхеташ дац полицино хIинцца тидаме хIунда эцна Сербино 2006-чу шарахь арахецна йолу ордер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG