ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обама Барак: ХIинца а расизм олу цамгар кхетта ю Iамеркин юкъаралла


ХIинца а расизм олу цамгар кхетта ю Iамеркин юкъаралла аьлла дIахьедар дина Iамеркин Цхьаьтоьхначу Штатийн президенто Обама Барака. Кху беттан 17-чу дийнахь Къилба Каролинехь килсехь вийначу 7 Iаьржачу аматахь волчу Iамеркахочунан гергарчерга кадам беш Сан Францискохь вист хилира Обама.
Полицино и нах байаран бахьана уьш Iаьржачу бесехь хилар ду аьлла мах хадийна.
Расизмо дIовш туху къона бахархойн кхетамна, ямартло лелайо Iамеркин идеалашна, дакъош деш, этIайо Iамеркин демократи, элира Обама Барака. Iамеркин президенто кхайкхам бира шуьйра дийцаре даре герзанна Iуналла дарца доьзна хаттар. Ткъа Конгрессо тергоне эца деза цу хаттарехь юкъараллана хетарг бохуш вара Обама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG