ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмера шен аг1о д1акъевлина. Цуьнан бахьана дуьйцуш дац. Цо иза шегара г1о-накъосталла доьху нах к1орда а бина дина аьлла хета, х1инцалц санна аг1онехула Кадыровца юкъарло лело йиш йоцуш бисинчарна.

ХIинцалц хьенна а аьтто бара, Кадыров Рамзанан Инстаграме шена луъург яздан а, цу чохь хабар дита а. И хаамаш цIанбеш, цунна луьйш йолу комментареш дIайохуш болх беш гIоьнчий а бу шортта.

Цундела дукхачу хьолехь, Iедалан кхачамбацаршна терго еш долу къамелаш кIезга хуьлура. Ша дерриг аьлча санна, иза хестор а, баркаллаш бахар а хуьлура.

Цуьнан Инстаграман агIонтехь шена хетарг язъян аьтто бара, инстаграман программа телефончохь йолчийн. Таханчул тIаьхьа аьтто бац шена хетарг яздан Кадыров Разманца доттагIаллехь воцучунна.

Кадыров Рамзан Оьрсийчуьрчу кхечу губернаторех а, республикийн куьйгалхойх а, Интернето лучу аьттонех уггаре а пайда оьцучарех, хьалхарчу меттехь ву. Цуьнан Инстаграмана язвелла ву миллион сов стаг, иштта хIора дийнахь цу чу волуш 640 ца кхоччуш стаг ву.

Таханалерачу денна Инстаграм агIо цо схьайилличхьана, цу чу даьккххина 5400 сурт а, видео а , артикл а. Цундела, Кадыровн Инстаграм ша тайпа, хаамийн агенталла ю ала мегар дара. Цигахь зорбане буьйлу хаамаш хуьлу цуьнан дахарех а, доьзалах а, иштта балхах а, цхьацца маьIне долчу политикан хаттарех а.

Цундела цхьа а тайпа шалхе а йоцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхо кхоччуш ньюсмейкер ву ала мегар ду.

Интернетехь кхиаме лоруш болу гIирс Инстаграман а, Нохчийчохь, масала къоьлла-къикъ бохуш вехачу стеган хIун уьйр хир ю? Дера ю, оцу стага, иза хIун ю хаара сов, цуьнан телефон тIехь а хир ю, и программа леррина Рамзане арз дан.

Дукхачу нехан Кадыровн Инстаграм агIо тIаьххьара цхьа гIирс бара, цуьнга шай къа-бала белхо бисина. Иза а дIабаьккхина тахана. Иза дакъовлахь, ша а ша санна болчу мисканашна доккха тохар ду иза, элира Маршо Радиога Соьлжа-ГIалара вахархочо Азимов Ильяса.

Азимов: «Оцу Инстаграм чохь цо бозбуанчаллаш лелон нах гуча а баьхна. Со-м царах а вац. Со нахана гуш ву. Иза дIакъовлахь нахана тохар хира ду цуьнах».

Маршо Радио: «Вуьшта, цуьнга шега ца аьлча, кхечу хьакамашка аьлча гIуллакх ца хуьлу?»

Азимов: «Со мэри вахнера. Цигахь, дакъойн гIуллакхан баьхкина дукха нах бара, рагI а йина. Со тIе а ца кхечира. Мэрера цхьа кIант вара тхо долчу балха веана. Со балха лелаш вара, цигахь сай цамгарна уьш тоха а тухуш. Цо элира, Ислама суна гIо дийр ду аьлла. ТIевола а аьллера соьга. ДIавахча, дукха зударий а, стегарий а хуьлура. Царна юккъехула, со тIе а ца кхачавелира цига. Сай йишийн ноутбук чухулла язйинера, сан цIарах. Иштта номер да дIаязйина аьлла жоп деънера соьга. Амма, цхьаммо а тоьхна-м яц соьга».

Нохчийчоьнан куьйгалхочо масийтаза кхайкхам бинера, Инстаграмчу дахарна аьрзанаш ма дахьара аш, цу гIуллакхан леррина кхин гIирс бу аьлла. Амма, нахана массарна ган гуш, цуьнга шайн бала белхийча гIоле хетара. Дан а ду, цо ша иза дешча, нахана дукха меттигаш ю, гIо кхаьчна. ДогIуш доццушехь, шайна гIо дахьара бохуш, сагIа доьхурш а гучубаьхнера цу чохь.

Телехьажийлашкахь ган а гойтуш, уьш емал бина меттигаш а ю. Амма, деш долу аьрзанаш жимлуш дацара оцу Инстаграмчохь. Махкахь шортта бу гIо-накъосталла оьшуш миска нах. Кадыровна тIекхаьчча санна гIуллакх ца хуьлу, церан, цунна кIелахь болчу даржхошка аьлча, элира ша а гIо-накъосталла оьшуш волчу Азимов Ильяса.

Азимов: «Миска нах бу дера. Смс дIа ца кхочурш а хир бу. Шортта хир бу уьш. Шен бан ца безаш болу болх бо Рамзана. Цуьнан гуонехь болчу наха, шайн бан безаш берг беш белхьарий, гIо кхаьчна дукха нах хира бара. Рамзана аьллера цкъа, хIора юьртдена хаа дезаш ду, шаьшь долчохь миска а, хала воллуш а мел-маса стаг ву. Иза цо аьлачул а тIаьхьа, со тIевахнера тхайн юьртдена.

Ас паспортан ксерокс а, кхидолу кехаташ а чуделлера. Соьга кхин телефон тоьхна яц цо. Юьртдена а хууш ду, со мел хала воллуш ву. Да, нана, йиша, ваша а дац сан. Девашас, девешийн зудчо лелийна ву со».

Тергамхоша тахана пал туьйсур бу, хIунда къовлавелла Нохчийчоьнан куьйгалхо шен Инстаграм чохь. Дерриге а дуьненна гIара а догIуш, наха деш долу аьрзанаш бахьана ду цунна, я селхана-стомара Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца хиллачу цхьанакхетаро байтина и сацам.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG