ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европа кхерамах Iалашъярхьама


Оьрсийчоь Украинан гIуллакхашна юкъагIертарца доьзна, Малхбалера а, Юккъера а Европа кхерамах Iалашъеш, цига Атлантикан альянсан (НАТО-н) танканаш а, кхийолу тIеман техника а ю дIаузуш, хаамбина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министра Картер Эша. Эстонин шахьарахь Таллиннехь шинарийдийнахь дира цо и дIахьедар. Балтин мехкаш – Эстони, Литува, Латви, иштта Болгари а, Румыни а, Полша а резахилла, бохура цо, НАТО-н техника шайн мехкашка йита.

Техника лаьттар ю Германехь а. Iамеркахойн Iалашо кхочуш хилахь, Европан оцу декъехь дIатарйийр ю 250 танк, «Бредли» цIейолу гIагIадиллина машен, чIургашца лела яккхийтоьпаш. И техника лелош хир ву 750 эскархо. Юьйцучу техниках доккхах дакъа хIинцале а ду Европехь, боху тергамчаша. Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедина, Оьрсийчоьнан дозанашца шен танканаш, кхидолу деза герзаш дIатардарца Iамерко «шийла тIом» лаьттина зама гергаялайо, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG