ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанан дIалецна кIошташ мукъаяьхна


Кхаа дийнахь бинчу тIемашкахь шайн Iедалан эскарша пачхьалкхан долаерзийна мехкан малхбалера кIошташ, дIахьедина ОвхIанистанан векалша. Кундуз кIоштахь тIалибаша дIалецна хилла ярташ луьрачу тIемашца шинарий Iуьйранна мукъаяьккхина шаьш, элира Кундузан губернатора Сафи Омара.

Цо бахарехь, велла 5 эскархо а, цхьа маьрша вахархо а, тIалибех вийна 85 стаг. ХIинца санна, ши бутт хьалха а дIалаьцнера тIалибаша Кундузан доккхах дакъа. НАТО-н дакъош ОвхIанистанера дIадахарарцана жигарабевллачу тIалибаша кест-кеста долайоху шайн махкара кIошташ, алсамдаьхна терроран тохарш.

XS
SM
MD
LG