ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь маршонашна уггаре боккха эшамбеш дирзира дIадахна шо


Европехь а, Азехь а мехкаша чоьхьара демократи шоръярехь яккхий гIулчаш яьхнехь а, Оьрсийчохь маршонашна уггаре боккха эшамбеш дирзира дIадахна шо, боху адамийн бакъонийн тергоечу Фридом ХIаусо шен кхушеран тептарехь. 2014-чу шарна кхаьчна перзидента Путин Владимира ГIирмина аннекси яр, цо Донбассехь Украинана дуьхьаллаьттачу сепаратисташна тIекарло яр, шен пачхьалкхехь маршонаш хьешар, дуьнентIерачу авторитаран режимашца гергарлонаш чIагIдар, боху артикло. Iамеркахь куптоьхна йолчу Фридом ХIаусо хIора шарахь а арахоьцу адамийн бакъонех долу шен тергонийн тептар.

«Евроазехь массарел а бокккха тидам шена тIеберзош яра Оьрсийчоь кху масситта шарахь, амма стохка цуьнан агресси дуьненанна а кхерам бохьуш а, керлачу кепашкахь а яра, иза хаалора цуьнан чоьхьарчу а, арахьарчу а политикехь», - элира Маршо Радиога тептаран автрашлахь йолчу ХIабданк-Колачковска Сильванас. Цунна хетарехь, Кремло шен ойланца боцу нах хьийзабо, оппозици Iаткъамехь латтайо, цатовшдолу адамаш экстремистийн могIара доху, боцу бехкаш тIехьерчабо, нах маршонах боху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG