ТIекхочийла долу линкаш

Францин къайленаш гучуяьхна


Кхаарийдийнахь Францино Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векал тIекхайкхина, оцу пачхьалкхо шен къайленаш лечкъор шена ца тайнийла дIахьедеш. Президента Олланд Франсуас ша волчу гулбинера Францин низамхой, Вашингтоно дуккха а шерашкахь шел хьалха президенташлахь Iийначеран а, шен а телефонаш тергал а еш, дIаяздеш хилла къамелаш а, документаш а ВикиЛикс-сайто Iорадахарца доьзна. Iамеркан векал Хартли Джейн тIе а кхайкхина, цуьнга шаьш резадоцийла дIахаийтина Францин арахьарчу гIуллакхийн министра Фабиус Лорана.

Президентан пресс-секретара Ле Фолл Стефана хаамбина, шайн Iедало Вашингтоне Францин векал хьажор ву зулам листа, аьлла. Кхечу Францин векалша тоьшалла дарехь, кестта къамел хир ду оцу хьокъехь Олланд Франсуан Цхьанатоьхначу Штатийн президентца Обама Баракца. Шинарий буса ВикиЛикс сайто зорбане даьхна Францин хиллачу а, волчу а президентийн Саркозин, Ширакан, Iаьмеркан Штатийн къоман кхерамзаллин Агенталло дIаяздина къамелаш. Иштта йовзийтина оцу сайто Францин президентан а, лакхарчу хьакамийн а мобилан телефонаш. Вашингтоно цкъачунна комментари ца йина хиллачух лаьцна.

XS
SM
MD
LG