ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Рамзанах херйина цуьнан Чехера говраш


Чехи -- Прага, Кадыров Рамзанан долара Алдар говр ю къовсалуш

Чехи -- Прага, Кадыров Рамзанан долара Алдар говр ю къовсалуш

Европан санкцийн тептарахь волчу Нохчийчоьнан администраторан Кадыров Рамзанан шайн махкарчу Мимон гIалахь кхобучу дойша къовсамашкахь доккху ахча церан шайн хьашташна дайа, ткъа бухадисинарг аресте лаца сацам бина Чехин финансийн министралло.

«Украинера кризис марсаяхарна Европан санкцеша 2014-чу шеран Товбеца-беттан 25-чу дийнахь дуьйна Нохчийчоьнан президент Кадыров Рамзан бехкебечу Оьрсийчуьрчу нехан могIаршкахь хиларе терра, махкара цуьнан активаш лелачуьра совцош ю», хаамбо шен сайта тIехь Чехин финансийн министралло.

«Финансийн аналитикийн декъо билгалдаьккхина Чехехь 2012-чу шарахь дуьйна «Жоккей»-клубе дIаязйина Кадыров Рамзанан хохку говраш хилар. Цара доккху ахча уьш кхаба а хьажийна, бухадуьсург аресте даккха сацамбина финансийн министралло. Оцу сацамна дуьхьало яхь, я говраш махкара дIайига гIортахь, 50 миллион чехийн крон гIуда тухур ду», - боху сайтан хаамо.

Чехин финансийн министралло бинчу сацамах лаьцна хабар шега дIакхетташехь, жоп делла Кадыровс.

«Ас адамийн бакъонех лаьцна Малхбузенца къамел муха до, цигахь уггаре машаречу, эсалчу, тоьллачу дийнатийн, говрийн, бакъонаш а талхош хилча, - аьлла цо Интерфаксе.

Дош элира Кадыровс «Россия» телегойтийле исс бутт хьалха, ша Оьрсийчоьнна тоьхначу санкцешна юкъавигарца доьзна Германино Мюнхенерчу шен Зазу говрах ша хервича.

Кадыров: «Цигахь къовсаршкахь Зазус, кхечара доккху ахча оха Кадыров Ахьмадан фонде хьежадора, гIодора мискачарна, цомгушчарна, бонашна. Ишттачу кепехь оха дела-денна оьшучарна ден гIо дIалакъо гIерта-кх уьш. Массо а вонна бехке говраш хилла. Иранехь, Иракъехь, Мисарахь, Шемахь лелачу зуламна бехке Европа ю, ткъа и бала ловриг сан говр ю».

Дукха хан ялале Германино юхаийцира Зазух болу шен сацам.

Кадыров Рамзанан Малхбалехь а, Малхбузехь а дуккха а йолчу говрех 8 ю Чехерчу Мимон гIалахь. Чехин а, гонахарчу мехкийн а аренашкахь толамаш бохучех ю ши миллион евро мах болу Михаил Глинка. Цуьнга кхоччуш ю Сладкий Утенок (Мерза Бедалг) а. Массо а говрийн мах 15 миллион евроне кхочу, Чехерчу хьостанаша дийцарехь.

Тоьлла ларало Кадыровн кхечу мехкашкара говраш а. Цара дакъалоьцу Оьрсийчуьрчу, Iаьрбийн Эмираташкарчу, Европерчу, Сингапурерчу, Гонконгерчу, кхечу мехкашкарчу къовсамашкахь. Бакъду, Австралиной, Iамеркой ца йитира уьш шаьш долчуьрчу къовсамашка.

Кадыровн официалехь алапа ца кхочу 200 эзар соьме а. Ткъа хIора говрана оьшу тоьлла хIоъ. Беза бу механа Оьрсийчуьра хьийсийна, я бухара лецна говраш лело хууш болу говзанчаш а. Деккъа дIа Чехехь латточу ветеринарна дала деза баттахь 2 эзар евро алапа. Лаххара а ахбIе говр ю аьлла хета хаамийн гIирсашна Кадыровн реманахь, ткъа баттахь и рема кхаба оьшу лаххара а 60 эзар евро.

Стенгара долу Кадыров Рамзанна оццул ахча? Оцу хаттарна жоп луш, дерриг а дуьненан къайленаш Iорайохуш хьийзарца массо а махкахь шех бала бинчу ВикиЛикс сайто кхин а 5 шо хьалха бовзийтира Оьрсийчоьхь векал лаьттинчу Iамеркан дипломата Бернс Вильяма Вашингтоне бина хаам. Къайлахчу къамелехь цо хаийтина хиллера шен пачхьалкхан дайшка, Нохчийчоьнан президенто, гарехь, Кремло махка хьежочу бюджетан ахчанах кхоалгIа дакъа шена дуьту - иза федералан Iедало нохчийн къам шена бале цадилийтарна луш долучух тера ду цунна, аьлла.

Амма Оьрсийчоьнан низамхой бац Кадыров Рамзанан киса муха дузу хьажа хьовха, цо долларш миллионашкахь панамехкашкарчу гоьбевллачу спортхошна, артисташна, актерашна мичара схьаоьцуш комаьрша кхийдадо а талла баьхьаш.

XS
SM
MD
LG