ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Айн-эл-Iараб гIалахь эккхийтарш дина


«Исламан Пачхьалкх» шайх олучу тIеман тобанаша еарийн буса массех кIошт дIалаьцна Шемин ХIасакехI гIалин шаьш Iедалан ницкъашца бинчу тIамехь. Оццу гIалахь цкъачунна тийсадаларш ду дIадоьлхуш цхьана болчу Iедалан а, курдойн а эскарийн жихIадхошца. Оцу юкъанна Шемин туркошца долчу дозанерчу Айн-эл-Iараб гIалахь молханах юьйлина машен эккхийтина жихIадхоша, вийна 12 стаг, лазийна 70, хаамбо Британехь куп тоьхначу шемахойн бакъоларъярхоша. Шемин телегойтийло жихIадхой Туркойчуьра баьхкина тIелетта Айн-эл-Iараб гIалина бохура, ткъа Туркойчоьно иза бакъ ца до. И гIала биъ бутт хьалха, Iамеркан кеманаша гIо а деш, схьаяккхинера курдоша «Исламан Пачхьалкх» тобанашкара. Иштта тIемаш лаьттина дийнахь-буса Шемин коьртачу гIалина Демаьшканна 100 чаккхарма гергахь, Дераа гIалахь а. Цигахь, Iедалан хьостанаша бечу хаамца, 6 стаг вийна, 13 лазийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG