ТIекхочийла долу линкаш

Гаагерчу Трибунале дIавала сацамбина бусулба боснийхо


Швейцарино Гаагерчу бехктакхаман Трибунале дIавала сацамбина шен лаьттатIехь лаьцна бусулба боснийхо Орич Насер. Иза бехкево 1992-чу шарера дIа кхаа шарахь цуьнан децIахь лаьттинчу тIамехь ша буьйранча волуш алссам нах байарна.

Серби ю Орич Насер лаца кхайкхийнарг. Югослави йоьхча дIасакъаьстинчу мехкаша вовшаша тIемаш беш адамаллина дуьхьал зуламаш дарна кху тIаьххьарчу шерашкахь лецначарах, набахтешка хьийсийначаралахь бу дуккха а сербаш а, боснийхой а, кхидолчу къаьмнийн а векалш.

XS
SM
MD
LG