ТIекхочийла долу линкаш

ПIерасканадийнахь Соьлжа-гIалахь гIаттамхошна дуьхьал тIеман барамаш дlабаьхьан. Вийна шиъ тIемало. Дуьхьало йинчу ницкъаллин структурин белхахойх а бу лазийнарш.

Вийначу шиннан цIераш дукха хан ялале къаьстина. Цхьаъ 23 шо долу Iалхан- ГIалара вахархо Усманов Мансур, важа 38 шо долу ТIехьа-Мартанарчу Янди-кIотарара вахархо Баудулаев Бислан ву.

И шиъ 20I3 шарахь тIемалойх дIа а кхетта, федерала лехаршка велла 2 шо дара бохуш дуьйцу официалан хьосташа. Операци дIаяхьнера Старопромыслан кIоштехь, Кренкеля урамехь.

Цхьана цIа чохь и шиъ ву аьлла, хаам кхаьчча, оцу меттиган го а бина, лулахь болу бахархой дIа а ара а баьхна, операци йолийнера.

Чоьххьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана меттгиерачу хаамийн гIирсашка динчу дIахьедарехь, оцу шина тIемалочуьнга герз охьа а диллина, дийна ара вала аьллера. Амма вукху шиммо, герз детта долийча, уьш байа сацам хиллера.

Доцца хиллачу тIеман тасадаларехь ши полисхо лазийна, чоьвнаш а хилла, ши тIемало а вийна. Оцу меттехь карийна, Макаров а, Стечкинан а ши тапча а, иштта оьккхург а.

Нохчийчохь иштта тIемалой а бойуш хIума хиланза дикка хан яра. Официала дIакхайкхорехь, махкахь тIемалой бисина а бац. Бу бохурш а, Шема дIабахана.

Цундела, гIалахь тIемалойх цхьаъ санна ши стаг вер, юккъараллехь шуьйра дийцаре до. Ша Соьлжа-гIалара волчу таксхочо Вагапов Лемас терго йина, ишттачу операцешкахь, цкъа а дийна тIемало, лазийна а, эккхаро дегIа долара ваьккхина а, каравогIуш ца хиларна. Оцу тактикех ша кхеташ вац, бохуш дийцира цо Маршо Радиога.

Вагапов: «Суна-м ца хаьа и нах, тIаьххьарчу хенахь буьйцуш а, я хезаш а ма бацара. Доцца дийцича, нехан кхин дIа бала бацара цаьрца- уьш байина, Шема агIора дIабахна бохуш дара. Дицделлачу хенахь, цхьаъ гучу а волий, герз диттина вийна олий схьахеза.

Цкъа а дийна карабогIуш а бац уьш. Го а бина, цхьа шина дийнахь латтийча, мацвелла

а, аравер ма вай иза. Ша верриг ма ваций, ша а леш, эккхар дан лууш. Ша Делан дуьхьа лелаш ву бохург, иштта лийр а вац».

ТIаьххьара тIемалой Соьлжа-гIалахь хиллера стохка Iай. Дийнахь а буьйсанна а гIала юккъахь хиллачу тIеман тасадаларехь вийнера 9 тIемало а, иштта I4 полисхо а, эскархо а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG