ТIекхочийла долу линкаш

Францерчу Леон гIалина гергарчу Изерехь терроран тIелатар дина п1ераскан дийнахь исламхойн байракх оьллинчу машенахь баьхкинчу наха. Кху сохьтан хаамашца, цхьа стаг вийна, масех лазийна.

ПIераскана Iуьйранна Iаьржа исламхойн байракх оьллинчу машенахь ков а дохийна, Францера Сен-Кентен-Фалавье гIаларчу Air Products заводана керта иккхина карарчу хенахь Iедалхойн карахь волу 30 шо долу жимстаг.

Цхьаццадолчу хьостанаша дийцарехь, цу машенахь кхин шиъ я кхоъ стаг хилла, амма цкъачунна и информаци официала тIечIагIйина яц. Билгал хууш дерг - газ лелон гIирсаш бечу заводан керта и хийра машен чоьхьаяьллачул тIаьхьа цу кертахь эккхийтар хилла, машен газах йоьттинчу балонех кхетар бахьана долуш. Цу эккхийтарх заводан кертахь болх беш волу масех стагана чевнаш хилла.

Цул тIаьхьа, Францерчу АФП агенталло чIагIдарехь, шопар машенчуьра охьа а иккхина, гуонахь лаьтташ долу газах доьттина долу эчиган гIутакхаш куьйга схьаделла гIерташ хилла, хетарехь, кхин а алсамох эккхийтарш хилийтархьама. Амма цуьнан цу тIехь ка ца даьлла, цIе йайъаран сервис а, полисхой а бохам хиллаче дукха сиха кхачар бахьана долуш.

Цул совнаха, оццу заводан керта уллохь полисхошна карийна вийначу стеган дакъа. Локал цIе йолчу меттигерчу хаамийн гIирсо чIагIдарехь, вийначуьн корта баьккхина хилла, ткъа и корт заводан керта тIе боьгIна а хилла, цуьнан хье тIехь а, уллохь а Iарбойн маттахь йозанаш а хилла зуламхоша дитина.

Ала деза, и корт баьккхинчу дакъах йолу журналистийн информаци францхойн полицино хIинца а тIечIагIйина яц, хила сахьт дац иза ДаIиш тобано шен инзаре маьттаза зуламаш кест-кеста юкхъараллийна гойтуш хиларо тIеIаткъам барна даржийна эладитта хила а.

Цкъачунна лаьцнарг цхьаъ ву, заводан керта иккхинарг. Цуьнан цIе йоккхуш яц, амма меттигерчу BFM телеканало чIагIдарехь, и 30 шо долу МагIрибера орамаш долу жимстаг Францерчу Iедалхошна шен радикалан хьежамашца хьалхехь билгалваьлла хилла.

Карарчу хенахь Сен-Кентен-Фалавье гIалаь бохам хиллачу метте дIагулделла ду дуккха а Iедал а, ткъа иштта Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Казне Бернар а. Францин премьер-министро Вальс Мануэло омра дина, йоллучу пачхьалкхехь а стратегикаллин мехалла йолу объектийн хадар лакхадаккха аьлла, керлачу террорхойн тIелатарх ларлуш. Прокуратурано долийна хиллачун таллам бар. ТIелатар динчун хила тарлуш болу накъостий лоьхуш, Сен-Кентен-Фалавье гIалин а, луларчу гIаланийн урамашка а арабаьхна бу бIеннашкахь полисхой.

Цу юкъана Францин президент Олланд Франсуа, Евробертан куьйгалхойн саммитехь дакъалаца Брюсселе вахана хилла волу, сихонца юхавирзина, терактах хаам шега кхаьчначул тIаьхьа. Цо Парижехь вовшахкхета Къоман Кхерамазаллин Кхеташо кхайкхира пIераска суьйренна.

XS
SM
MD
LG