ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь терроран эккхийтар дина


Францин малхбалерчу Санкт-Квентин-Фаллавье гIаларчу газах кхачоечу заводна тIелеттачу герзахоша ши стаг лазийна пIераскан Iуьйранна. Оцу меттигна кертахь карийна тIера корта баьккхина дакъа. «Динарг терроран тIелатар ду, машенахь кхаьчна зуламхо цу метте, иза вуьгуш машенлелорхо а хиллачух тера ду. Шеко толлуш лецна нах а бу» - элира Францин президента Олланд Франсуас ша дакъалоцучу Брюсселерчу саммитехь.

ТIелеттачара «Исламан Пачхьалкх» олучу тобано лелаен массех байракх йиттина шаьаш зуламаш диначохь. Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Газеню Бернара хаамбина, заводна тIелеттарг 2006-чу шарахь полицин экстремисташ билгалбохучу тептаре язвина вара, амма тIаьхьо цутIера ваьккхира, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG