ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-гIалахь гIаттамхой хаабелла


ПIераскандийнахь ши стаг вийна Соьлж-ГIалахь. Уьш полисхошна тIелетта, царех шинна чов а еш, хаамбина антитерроран кхеташоно. Байинарш бу Усманов Мансур а, Байдулаев Бислан а. Ткъа бахархоша бечу хаамца, Старопромыслан къоштарчу Кренкелан урамехь цIа гоне а лаьцна, цу чу герзаш детташ вийна и шиъ.

Уьш Нохчийчуьрчу гIаттамхойн баьччин Бютукаев Асланан гонера бу, аьлла даржийна полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG