ТIекхочийла долу линкаш

Полицин куьйгалхочо кхокху Ереванехь лаьцна гIалин юкъ дIахецаре


Эрмалойчоьнан полицин куьйгалхочо Гаспарян Владимира кхайкхина Ереванехь урамашкахь протестехь лаьттачу нахе гIалин юкъ лаьцначуьра дIахецаре, оцо шахьаран дахарна новкъарлоеш хиларна. Баграмянан майданахь, гуламхойнний, полицинний цIий ца Iанийта, юкъахIиттина лаьттара шоьтадийнахь мехкан парламентера депутаташ.

Цаьрга а, протестан лидершка а дийхира Гаспаряна нах Iедалца машаре балор, президентан Саркисян Сержан белхан хIусамашна юьстахбахар. Iедало тоькан мах бестор ца тайна протестехь лаьтта эрмалой хIинца а.

XS
SM
MD
LG