ТIекхочийла долу линкаш

Муьлха къам ду аланашкара шайн орам болуш боху хаттар тIаьххьарчу шерашкахь дистина лела Кавказехь. ХIирийн историкаша и цIе массарелла хьалха уьйзира шайна тIе, шайн махках Алания а олуш. Амма иза бакъдац, аланаш шаьш-шаьш ду боху кхечу цхьацца къаьмнийн векалша.

Иттанаш шераш хьалха хIирийша шайна тIеоьзна латтош ю аланийн тIаьхьенах долу къам ду шаьш боху цIе. Шайн республикана цIе а тиллина Алани аьлла чакхенехь а долуш. Оцу хIумано шеко кхуллура яц, шаьш муьлш ду аьлла бохург санна сурт хIутту.

Цаьрца и цIе къуьйсуш лулара къаьмнаш а ду. Амма, хьалхе гIант дIалаьцначун и охьахоийла ю бохург, тIе ца дуьту историн Iилмано.

Кхечу къаьмнаша шайн историн харц-бакъ а талламаш а беш, дерг а доцург а шайна тIеяздечу хенахь, нохчийн кху тIаьххьарчу 20 шарахь аьтто бацара, и болх бан. Коьрте даьккхинарг, дийна дисар дара.

Амма тахана, и дайна шераш меттахIотто гIерташ, и хаамийн хьогалла дIаяьккха гIерта меттигера къона а, къена а историкаш а, кхиболу Iилманчаша а. Ибрагимов Ризван, махкахь а, дозаналла арахь а вевзаш историн талламча ву. Цуьнан куьйга кIелара даьлла жайнеш, дукха сиха дIасадовлу. Коьрта тидам, цо шен белхашкахь бохуьйтуш бу, нохчийн ширачу историт1е. ТIекхоьллина а, тIера дIадаьккхина дукха хIума ду нохчашна, аьлла дийцира цо Маршо Радиога.

Ибрагимов: «Вайна бераллехь дуьйна, вайна Iамочу исторехь, суна гучудаьлларг хIун ду? Цхьацца цIераш а тоьхкуш, историн йозанаш тIера цхьацца цIераш схьа а оьцуш, къаьмнаш ду бохуш, цхьацца хIуманаш ду цигахь. ХIинца, аланех аьлча, хIирийша, ша ма хуьллу, шайна тIеийзош ду-кх иза. Амма, хIинцачулла 180 шо хьалха, уьш аланех тухуш бацара. Иза хIун ду?

Шира истории нохчех къайлаяхьархьама аланаш хIирий бу аьлла, царна тIеязйина. Вай «Алан» бохучу дешан бухе дахча, «ал» а, «ан» а ши до хIутту, я «эл» «ан» хуьлу- «небесный эла». Суна жима волуш дуьйна хезна ду-кх «Вай элий ду» олуш. Вайн истори дIакъайлаяхьа дуьнена дайша лелош болх бу-кх».

Аланийн тIаьхьенах болу талламаш байта башха лууш дац ХIирийн махкхаь. Нохчийн пачхьалкха университетехь историн хьехархочунна Демелханов Сулейманна, шена тIехь хааделла иза. Iилман кандидатийн болх, оцу темех язйина болу, цигахь чекх а ца болуьйтуш латтош бу шен элира цо Маршо Радиога.

Демелханов: «Кандидатийн тема «Нохчийн шира истори а, этногенез а» ю. И тема а эцна, ХIирийн махка вахча, и болх дукха дика бу а элира, антиплагиатехула чекх а баьккхина. Амма, я хIаъ, я хIан-хIа ца олуш, латтош ду цара иза хIинца».

Совета заманахь а дихкина дара аланаш нохчашца уьйраш хилар хьахор. ХIета системан дуьхьала а ваьлла, цуьнах лаьцна Iилман болх бинарш, Iедал охьатаIо гIертара, бохуш кхин дIа а дуьйцу историка Демелханов Сулеймана.

Демелханов: «Хьлха нохчийн филолог а, линвист а вара Вагапов Якъуб. Иза университера балхара дIаваьккхира, цо оцу темех язйина дела. Аланех а, скифех а язйинера цо».

Ибрагимов: «Дуьненан къаьмнашна юккъахь вайн мах хилар-м иштта маьIне а дацара. Ткъа, аланаш а, арийш а, вай буьйцуш болу нохчийн кегирхошна кхеттачулла тIаьхьа, царна хуур ду, шайн дайл а оьшуш хила йиша йоцийла а, массо а къоманна шаьш масала хила дезийла. Иштта и синкхетам самабер бу. Вай вон мел дерг тIаккха дIатоттура ду. Суна иштта хета. Вай даздан гIерташ а дац, вай дуьненна тIеховша гIерташ а дац.

Вайн дайша, хIара лелийна аьлла, дозалла дан гIерташ а дац. Вай цхьацца оьрсаша йозанаш тIехь олуш хезна, церан дайшна юккъахь масала эца нах а ца хилла, бохуш, вай сийсаз даккха гIерташ. Вай кегирхой, кхета а кхетта, дог а айделла, нийсачу новкъа бевр бу. Сан кхетамехь иштта ду иза».

Тахана нохчийн историкаша, къоман бухе кхача гIерташ бечу белхан коьрта Iалашо ю, тIекхуьучу чкъурана, шайн дайх масала а оьцуш, корт хьалатаIIийна уьш лелийтар.

Кхечу къаьмнел а я лекха а, я лоха бац нохчий, вай дерг ду, цуьнах даккхий дан а деза, аьлла, кхин дIа а дийцира Ибрагимов Ризвана.

Ибрагимов:

Аланийн а, нохчийн а уьйр хилар къасторхьама археологийн белхаш а ду дина махкахь. Стохка Норвегера баьхкинчу талламхоша, ДНК эскпертиза йинера аланийн кешнаш ду бохучахь. Шаьш долчахь и жамI зорбане даллалц, нохчашка аьлла дац цара. Мухха а делахь, оцу балхо, мелла а герга дало мега, аланаш муьлш бу а, церан тIаьхьенах Кавказехь муьлха къам ду бохучу хаттаран жоьпе.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG