ТIекхочийла долу линкаш

Iедалх жуларахь лардала дагахь ду гIалгIайн тайп


ГIалгIайчоь --вийначу Алиев Iелин ваша, 2015

ГIалгIайчоь --вийначу Алиев Iелин ваша, 2015

Къилбаседа Кавказехь могIара ду, аьлла, хаийтина а доцуш, Iедалан ницкъаша, тIе а летий, деза герз тухий хIусамаш а йохайой, чуьранаш а бойий, уьш террорхой бара олий доьрзу сурт. Амма хьайна иза нахана. ГIалгIайн цхьана тайпано, масала, сацамбина шайн стагна Iедал тIелетча вовшашна орцахбовла.

Масех де хьалха, Несар-Коьртехь кхерамазаллийн сервисо, леррина операци дIа а яхьна, цигахь дехаш долу Алиев фамилии йолу зудий-маррий дийра.

Бахьана, цара шайна дуьхьала йинера герзаца бохура. Амма, официалан и хаам Iедалша баржийначул а тIаьхьа, АлиевгIеран Евлойн тайпано сихонца вовшех кхетта, харц дира оцу хиламех мел дуьйцург.

Иштта цара емалдира, вийна волу Алиев Iела а, цуьнан зуда Лейлаъ а низамехь доцуш хIума лелош хилла аьлла. Цунна тоьшаллаш шортта далийра лулахоша а, беза-бевзачара а, ша и операци цхьана а тайпана адамалла а, я низам а доцуш дIаяхьара боху, теш хиллачу наха.

Иштта цара дIахьедар дина, оцу зудчо а , стага а цхьанна а тайпа дуьхьало йина ца хиларх а, стаг букъ тIехьа герз тоьхна вийна а, зуда схьа а лаьцна, цул тIаьхьа эккхийтина хиларх а.

Иштта зулам дина хилча, цунна терго еш, Iедало хIума деш ца хилча, уьш а цаьрца цхьаьна ойланехь лору Евлойн тайпана юккъе йогIучу Абадиев фамилийн коьртехь волчу Абадиев Идриса.

Абадиев: «Таллар а доцуш, дIа а ца лоцуш, зуламхой схьа а баьхкина, уьш низамехь лелаш ца хилча-зуламхой бу. Уьшь схьа а баьхкина, нах байъа а байина дIабахана. Кху махкара мел волу хьакаман бала кхача безаш бу кху зуламан. ТIеман барзакъ доьхначу зуламхоша бехк боцуш болу нах байина дIабахна. Цхьаммо орца ца даьккхина цуьнах. Я хьакамаша а, Iедало а, я мехка куьйгалхочо а, я депутаташа, я бакъонехула векал волчо а ца даьккхина. ТIаккха, щцу зуламхошца цхьана ойланехь, царна гIо деш берш бу-кх уьш».

Iедалийн цIарах лелачу герзхойн, къизаллех кIелхьара вер ву аьлла, цхьа а стаг махкахь дог тешна воцу дела, иштта адамийн кIоршме бакъонаш йохорна, хIинцачул а тIаьхьа, шайн тайпа дуьхьало ян сацам бина шай гуламехь Евлойн тайпано. Цуьнах лаьцна Маршо Радиога дуьйцу оцу тайпанна юккъера волчу жигархочо Абадиев Мусас.

Абадиев: «Цхьанна а меттехь лехаршкахь вацара иза. Букъ тIе герз а тоьхна, вийна, тIаккха Iожалхочун доьхка ду кхуьнгахь аьлла, цуьнан хIусамнана а йийра. Цуьнах жоп дала лууш стаг вац. Цундела баккхийчу наха боху, вай дерриге а тейпа кхуза дIахIоьттина делхьара, воккха а жима а, хIара санна доьхнарг хир дацара бохура. ТIаккха оьрсийн эскархой дIагIур бара, боху.

Цундела орцанан кхо сигнал хир ю тхан. Оьрсий а баькхина, БТРшца а, УРАЛшца а, вовшех хаамаш а беш, сихонца оцу метте тIекхочура ду адамаш. Иштта дIахIоттахь, оцу тайпа цхьа а хIума дийра дац цара. Уггаре а чIогIа уьш кхоьруш берг нах арабовлар ду. Герзаца царна дуьхьал бовла тхан аьтто бац. И бахьана долуш, тхайн дан йиш ерриг дийра ду-кх оха».

Евлойн тайпа ГIалгIайн махкахь уггаре а доккха ду. Шена юккъахь 30 сов фамили ю цуьнан, I00 эзар хьалакхоччуш стаг а волуш. Юккъараллехь цара деш дерг масал а хила мега, кхечу кегийчу тайпанашна. ЕвлоевгIеран санна церан аьтто ца балахь а, шай бакъонаш ларъян, уьш гIертарг хира бу, изза дан. АлиевгIеран стаг а, зуда а дийначул а тIаьхьа, ГIалгIайн мехка куьйгалхоша цхьана а тайпа дIахьедар ца дира хиллачуьнах лаьцна. Амма, хIинца церан иза дан дезара ду. Луш долу жоп а, кхачам болуш хила а деза. Кхидерг, тIеоьцур долчух тера бац ЕвлойгIар.

XS
SM
MD
LG