ТIекхочийла долу линкаш

Греци дефолте кхочуш лаьтта


Дуьненан банко шен 1,5 миллиард евро декхар охьа а дуьллуш, финансийн системехь хийцамаш кхайкхо диллина шинарийде доьрзуш Грецино ша ян леринчу реформийн керла некъ кховдо гIоьртира кредиторашна хьалха. ХIинца и керла хьелаш толлуш, зуьйш бу Евро-мехкийн финансисташ. Ткъа оцу пачхьалкхна мехкаша къастийна некъ бац цхьаммо а юхабоккхуш: 15 миллиард евро кхин а дала реза ю Европа Грецига, нагахь санна цо шен экономика ма-хуьллу кIезиг харжашъечу раже яккхахь. Ткъа ишта а ду оцу мехкан декхар шен бахамал шозза гергга лакхара.

Кху беттан 5-чу денна референдум ю Грецехь халкъ юкъ ехка реза ду я дац къастош хила езаш. Иза ерззалц кхин Грецица дийца хIума дац, аьлла Германин финансийн министра Шойбле Вольфганга. Оццу маьIнехь къамелдира кхаарийдийнахь канцлера Меркел Ангелас а. Тахана цхьана а агIор чукхочуш гIо дац Грецина, хьал лаьтта иза еврозонера ца яьлча ца йолучу а кхаьчна. Болхбечуьра севцца хьесап ду цигара банкаш а.

XS
SM
MD
LG