ТIекхочийла долу линкаш

Сецна Оьрсийчуьра Украине йоьду газ


«Газпромо» кхаарийдийнахь къевлина Украине газ юьгу биргIа. Оцу хьокъехь хаамбина, «Интерфакс» агенталло бахарехь, Оьрсийчуьрчу корпорацин куьйгалхочо Миллер Алексейс. Цо бахарехь, болалучу баттахь дIаузуйолчу газан мах охьа ца биллина Киево, ткъа лург шаьш иза ца юхку, аьлла Миллера. Венехь йохк-эцар луьстуш, Европан комиссиний, Оьрсийчоьнний, шений юкъара дийцарш жамI доцуш дирзина, ша кхаарийдийнахь сацадо газ эцар, аьлла дIакхайкхийна Украино а. Къовсамехь дерг иштта ду: Украино 100 долларна лахбар доьху газан эзар куб-метран мах, ткъа Оьрсийчоь реза яц 40 долларна бен охьаяла.

XS
SM
MD
LG