ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарошца бечу бартан жамIаш гучу ца девлла цкъачунна


Шинарийдийнахь дерза дезаш дара ГIажарийчоьнан зарратан программех долу дийцарш. Амма уьш кхин а кIиранна дIадахдина. Кхаарийдийнахь ТехIеране вахана зарратан агенталлан МАГАТЭ-н куьйгалхо Амано Юкия, цуьнан къамел хилла гIажаройн президентца РохIани Хьасанца а, кхечу цигарчу хьаькамашца а.

Уггаре хьалха дийцаредеш дара ТехIерано барт кхочуш баран хьелаш муха зуьйш хир ду хенан йохалла боху хаттар. Зарратан дай, Британино, Китайно, Iамеркан Штаташа, Францино, Германино, Оьрсийчоьно лоьху ГIажарийчоьнна а, шайна а тешаме хин болу бертан некъаш.

XS
SM
MD
LG