ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбурго бехкейо Оьрсийчоь бесланхойн бакъонаш талхорна


Беслан-гIалахь 2004-чу шарахь хиллачу бохамехь Iедало нехан баха йолу бакъо талхийна аьлла бу еарийдийнахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам. 447 стага, Бесланехь деллачу адамийн гергарчара динера арз оцу кхеле. Шайн бераш, йижарий, вежарий, дай-наной байина Iедало, ницкъ террорхошна оьшучул а сов дуьхьалбаккхарца а, ша уьш террорхойх мукъабохучуха аьлла дара аьрзнаш.

Страсбурго бехкейо Оьрсийчоь нехан кхелашкахула бакъдерг къасто йолу бакъо талхорна а. Дерриг аьрзнаш а дац Страсбургерчу кхело теллина даьхначаралахь, дисинарш тIаьхьо талла деза боху арахецначу пресс-релизо. Кхоччуш сацамаш Iорабохур бу Европан кхело тIаьхьо. 11 шо хьалха Оьрсийчоьне цо Нохчийчохь хьо тIом битийтархьама аьлла, Бесланера школа дIалецира ткъеиттех сов тIемалочо. Уьш хIаллакбеш школана тIедиттинчу герзаша вийра маьрша 334 вахархо, дукхахдерш бераш а долуш, 800 стаг лазийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG