ТIекхочийла долу линкаш

Брюссель: Кхераме ву халкъашна Кадыров Рамзан


Нохчийчоьнан куьйгалха Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалха Кадыров Рамзан

Брюсселехь Дуьненаюкъарчу кризисаш зуьйчу тобано тептар арахецна Нохчийчоьнах Кадыров Рамзана дечу урхаллах лаьцна. «Москох магош йолчу репрессешна а, гIелонашна а» тIехь лаьтта махкара Iедал, цигара машар, боху тептаро.

Кремлан Нохчийчуьрчу политикано эххар йоллу Оьрсийчоь а боккхачу бохаме кхачорг хиларх рапорт арахецна „Дуьненаюкъара кризисан тоба“ цIе йолчу цхьаьнакхетаралло.

Кхузткъа сов агIонахь лаьтташ ду кху тIаьхьарчу ялх шарчохь Нохчийчуьра хьал дийцаре дина ца хиллачу „Дуьненаюкъара кризисан тоба“ цIе йолчу цхьаьнакхетаралло ши де хьалха арахецна рапорт.

Брюсселехь шен штаб-квартира йолчу цу дуьненаюкъарчу аналистех а, тергамчех а, адамийн бакъонашларйархойх а лаьттачу цхьаьнакхетаралло итт шарчохь Нохчийчохь хIоьттина а, чIагIделла а долу хьал тергал а дина, цу хьолан массо а агIора анализ йина.

Политикехь а, идеологехь а, динан тIехь а, нуьцкъаллийн структурашца долчунна тIехь а, ткъа иштта экономикехь йолу ситуаци ю рапортан авторша йийцаре еш. Ткъа цара цу хьолана дина долу хьукма – иза, доцца аьлча, Нохчийчоь – иза цхьа ша-тайпа пачхьалкхенна чохь пачхьалкхе ю, федаралан центрах дуккхаъчу хIуманашна тIехь йаззане а йоцуш йоцуш, Оьрсийчоьнна де дийне мел долу херлуш а йолуш бохург ду.

Рапортан авторша, шайн белхан коьртачу декъе бовлале ялийначу дешхьалхенехь яздо:

„Нохчийчоьно баккхий кхиамаш бина, тIемлойн дуьхьало эшорехь, гIаланаш юхаметтахIотторехь, шен имидж хийцарехь а. Ткъа Москохана Нохчийчоь кхечу шен тIеман тийсадаларш хуьлучу регионашна масала санна хета. Амма и стабилалла Iехаме ю. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьн Кадыров Рамзанан Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца башха юкъаметтигаш ю, цунна цхьа барам боцучу кепара белшашгIортош ю Москохано, цуьнгахь кхечу регионийн куьйгалхошкахь йоцу автономи а ю.

Ткъа Кадыровс цунах пайда оьцу, Нохчийчоьнах шен лерина идеологи а, динан политика а, нуьцкъаллийн структураш а, бакъонийн режим а йолу политикан система кхоллархьама. Цигахь хIотта белла машар вуно экама бу, хIунда аьлча цигахь урхалла дар репрессешний, гIелонашнийн тIехь деш ду, Москохано ловш а, къайлакхоьхьуш а йолчу, ткъа иштта эконокерчу цхьатерра ца хиларна а, тоъалла йоцучу социалан инфраструктурина а, юкъараллехь йоцучу бакъболу барт баран процессашна а, адамаллин дуьхьал мел даккхий зуламаш дахь а, уьш жоп ца доьхуш диссарна а тIехь.

Оьрсийчоь а, Нохчийчоь а керлачу къизачу конфликтах ларйархьама, президент Путинс Кадыров юхаоза веза, Нохчийн Республикане Оьрсийчу ян ма-еззара интеграци а йойтуш, цигахь бехачу бахархошна алсамох маршонаш а, кхерамазалла а Iалаш а йеш“. Иштта яздо „Дуьненаюкъара кризисан тоба“ цIе йолчу цхьаьнакхетаралло зорбане даьккхинчу рапортехь.

Тайп-тайпачун декъашка екъна ю рапорт. Цу тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан биографина а, амалшна а лерина ду цхьа дакъа. Иштта шаьш нахалахь „кадыровцш“ олучу цуьнан куьйгакIеларчу нуьцкъаллин структурийн декъашхой а дуьйцу. „национализм“, „суфийн дин“, „шалха экономика“, „оьрсийн патриотизм“, „кхераран атмосфера“ - иштта дIа кхин а цIераш йолуш ду кхин дIа долу дакъош.

Ала догIу, и рапорт кху тIаьхьарчу муьрехь дуьххьарлера зорбанехь ирчу критикаца Нохчийчуьра хьал дийцаре даккхар дац. Жимма хьалха Ходорковский Михаилин куьйгаллица яьккхина йолу „Доьзал“ цIе йолу гIовгIане филм гайтира интернетехь, Нохчийчохь лаьттачух лаьцна. Цул хьалха нохчийн а, оьрсийн а нуьцкъаллийн структурашна а, Кадыров Рамзанна а, федералан центрана а юккъехь дов даьлла боху артиклаша буьзира зорбанийн гIирсаш.

Шерашкахь нохчийн тема ца хьахош Iийна болу бевзаш болу оьрсийн публицисташ а юха а ДегIастанах лаьцна яздан хIиттина. Цу хIумано социалан машанашкахь дийцарш кхоьллина, Нохчийчохь кхозлагIа тIом бала там бу бохуш.

Амма Маршо радиоца къамел динчу политолога Асхабов Хьамзатна хетарехь, нохчийн карта Оьрсийчохь юха а ловзон даккхар цецвала оьшуш хIумма а дац, хIунда аьлча цу шинна махкара хьал тергалдечарна кхеташ ду, Кадыровн критика яра – иза гондахьашкахула Путинна критика яр дуйла. Ткъа Путинна критика яра Малхбузенан, Оьрсийчоьнан дов даларца жигара даьлла ду.

Асхабов: „Суна ца хета, Оьрсийчоьно ша Нохчийчохь деш долу куьйгалла лахдина я гIелдина аьлла. Цигарчу куьйгалхочо Кадыров Рамзана деш дерг дерриге а Кремлан дезарг а, царна деза мега аьлла хетарг а ду, нуьцкъаллин структураш а Москохан куьйга кIелахь ю. Иза иштта дуйла рапортан авторшанаа а хаа аьлла хета суна.

Кхин хIума ду- Нохчийчуьрчу хьолана Москохано куьйгалла дар кхин а алсам далахь, цунах нохчийн къомана цхьа а пайда хир бу аьлла ца хета суна. ТIаьхьарчу хенахь вуно алсам баьлла бу Оьрсийчоьнний, Малхбузенний юкккъера къийсам.

Малхбузерчу пачхьалкхийн куьйгалхоша, шаьш хьалха ца олуш хиллачу кепара, Путинх критике дош а олуш, шайна хетарг довза а довзуьйтуш, хьал кхолладелла. Ткъа Оьрсийчохь Кадыровн критика яр – иза цхьа гонд1ахула олуш, Путинна критика яр ду“.


Рапортан авторша шайн йозанехь билгалдоккху, ша Нохчийчоьнан куьйгалхо а вуно экамчу хьолехь ву бохуш. Ког когах кхетна, Путинан белшашг1ортор доцуш иза висахь, цхьа мог1а ницкъашца проблемаш кхоллаяла там бу цуьнан, аьлла хета авторшна, масала, т1емлошций, шен гуонерчу шеца дарж къовса луур долчу нахаций, мог1арерчу бахархошций.

Иза дерриге а ца хилийтархьама, Москохано Нохчийчоь шен Конституцина а, низамашна а к1ела ерзон еза, къаьстина цигара нуьцкъаллийн структурашна дола дан а йолаяла еза, аьлла тешна бу рапорт х1оттийнарш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG