ТIекхочийла долу линкаш

Гаагерчу трибунале луш ду Малайзин кеман эккхийтарх арз


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кеташоне кхачийна Малайзино шен авиалайнер стохка Украинан стигалахь чудожорах долу арз. Цо доьху дуьненаюкъарчу трибулан жоьпе озор и кема чудожийнарш.

Арз кечдина кеманчохь вийначу 298 стеган пхеа махко. Малайзин Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацерчу векала бен ИбрахIим Рамлана хаамбина, кху баттахь сацам хир бу организацин дов айдар тIеэцарх лаьцна аьлла. Цунна хетарехь, хила еза бехкенаш жоьпе озош гаранти.

Цхьаболчу дипломаташа дIахьедина, хьалхе ду Оьрсийчоьнан бехк хьехо, талламаш берззалц сатоха деза, аьлла. Кхечара бахарехь, Кремл дуьхьал яц шен бехк таллийта, амма цуьнан вето тоха бакъо ю муьлххачу а сацамна тIе ша Кхерамзаллин Кхеташонан декъашхо хиларе терра.

Малайзин векала Iабдул Разакъ ЙохIана оцу хьокъехь аьлла, «дуьненан Кхеташонан массо а декъашхой санна, Оьрсийчоь дуьхьал хир яц бакъдерг ма-дарра довзийта».

Юьхьанца Кремло аьттехьа а ца дуьтура кема чудожийна герз шен лаьттатIера хецна хила тарло бохург. Хьалхо Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран гIовса Гатилов Геннадийс бехк шен махкахь леха маьIна дац, бохура. Тахана ю Оьрсийчоь бехк шен бац бохучу тIехь.

XS
SM
MD
LG