ТIекхочийла долу линкаш

ЮКОС-ан ахча меттахIоттош ю Малхбузе


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкара Оьрсийчоьнан бахам дIабаккха тарло иза миллиардаш долларшкахь Ходорковский Михаил коьртехь лаьттинчу ЮКОС компанина дуьненаюкъарчу кхело декхаре ярна, хаамбина Лондонерчу Телеграф агенталло. 50 миллиард доллар бу Путин Владимиран Iедало, Ходорковский набахте а хьажош, итт шо хьалха цуьнгара дIаяьккхинчу бизнесан мах.

Кхелан сацам кхочушбеш Оьрсийчоь декхаре ю ахча ЮКОС-ехь болхбиначарна охьадилла, нагахь санна цхьа бутт ах бутт баьлча ца диллахь, дIалоцур ду Штаташкарчу банкашкара Оьрсийчоьнан ахча а, гIишлош а. «Иза юристийн гIуллакх ду», жоп делла оцу хьокъехь шега хаттар динчу Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс.

XS
SM
MD
LG