ТIекхочийла долу линкаш

"Исламан Пачхьалкх" тобано алсамъяьккхина бусулбанаш шен могIаршка кхойкхуш интернетехула яржаен шен пропаганда. Оьрсийн маттахь а ю цуьнан сайташ. Цара кест-кеста чIагIдо, Кавказе хьовха, Кремле а кхачор бу шаьш джихIадан болам, олий.

ДАIИШ гоьйоккхуш а, цуьнан могIарш бузуш а бу цо интернетехула бен кхакхамаш-пропаганда. ТIаьххьарчу хенахь алсамбаьхна жихIадхоша шаьш оьрсийн маттахь шайн сайташкахула бен болх.

Коьрта сайт ю ДАIИШ-ан «Фурат» олуш. Евфрат-хин Iаьрба цIе юьхьара эцнарг. Твиттерехь, Фейсбукехь, оьрсийн «Вконтакте» машанехь а ю Фуратан аккаунташ.

Ша Фурат.инфо сайт болхбеш ю Iаьрба, ингалса, оьрсийн меттанашкахь. Ю цуьнан курдойн, францойн меттанашкахь агIонаш а.

Дуьненан зорбано тидаме эцарехь, дийнахь, лаххара а I00 эзар сов язбой, хаамаш буьту интернетехь «Исламан пачхьлалкх» тобанан жигархоша шаьш схьайиллинчу аккаунтийн агIонаштIехь.

Карарчу баттахь Европоло кхоьллинчу къайлахчу сервисо дIахьединера шаьш церан аккаунташ дIакъуьйлур ю, йозанаш дIадохур ду, ткъа уьш дитинарш жоьпе озор бу, аьлла. Амма мухха делахь а, Шемарчу тобанинй декъаш дебаш хаало цкъачунна.

Iаьрба мехкашкара хилла ца Iаш, вуно дукха бу «Исламан Пачхьалкх» шех олучу тIеман тобанехь Советан Iедал лаьттинчу мехкашкара кегийрхой: Юккъерчу Азин къаьмнийн векалш, Оьрсийчуьра кхаьчна гIезалой, нохчий, гIебартой, балкхарой, кхарачой, Дагестанан къаьмнашлара кегийрхой.

ДАIИШ-ан агентийн аьтто болу Къилбаседа Кавказера къона чкъор Шема а, Иракъе а гIазот даккха дуьгу бохуш, дIаийзон. Кху деношкахь орца доьхуш Ватсапехула кхайкхам бу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга дIакхачор доьхуш Неврерчу яхархочо баржош.

Шен йишин йоI Хабибулаева Макка Хьалха-Мартанарчу вахархочо, шайгара пурба а доцуш, шайна хIун ду а ца хууш, ницкъаша дIайигина, уьш масех де даьлча шаьш СаIуда Iаьрбийчохь хилар а хоуьйтуш зIене а бевлла аьлла.

Делахь а, хала ду орца дохучу Теркйистерчу зудчух теша. Ницкъаша аэропорташкахула а йохуш йигалур яцара мартанхочуьнга шеца Шема я Иракъе и йоI, цуьнан шен лаам ца хилча цуьнца цига яха. ДаIишан пропагандано гIаттийна арадаьлла и ши адам, тешна а.

Шо хьалха,«Исламан Пачхьалкх» шайх жихIадхоша алале, церан шашаха лелачу хIора тобан а яра шен сайт. Ткъа хIинца цхьаьнакхетта, масала, оьрсийн маттахь болхбеш хилла масех сайт – юкъара ю церан Фурат.инфо.

20I2-чу шарахь схьаеллаелира Шемарчу кавказхойн сайташ. Паьнказара Iумар ал-Шишанин тобанерчу нохчаша лурчаха йиллира Фай-Сириа аьлла сайт. Цу тIехь довзийтора Шемарчу тIеман аренашкара хьал. Ткъа ал-Шишани Шемахь тIеман баьчча а вуьсуш, цо «Исламан Пачхьалкх» декъан халифна ал-БагIдадина тоба диначул тIаьхьа шен пропагандин амал хийцина юхьанца цуьнан хиллачу Фай-Сириа сайто а. Иза оьрсийн маттахь арайолу хIинца

Фай-Сириа а санна, Шам Тудей шех олу къилбаседа кавказхоша юкъаяьккхина медиа-тоба а ю Фурат сайтах дIаийна.

Фурато дела денна арахоьцу оьрсийн маттахь керла хаамаш, гойту «Исламан Пачхьалкх» тобане баьхкина керла-керла муджахIидаш.

Ши Iалашо ю Фуратна коьрта: Оьрсийчуьрчу мехкашкара, Юккъерчу Азера керла тIемалой лехьоррий, «Исламан Пачхьалкхехь» тIемашбечу оьрсийн мотт хуучу нахана информацин кхачояррий.

Цкъачунна шина а Iалашонца дика а ларайо Фурат-сайт.

Иштта бу Маршо Радиона журналисто Паращук Джоаннах кечйинчу артиклан чулацам.

XS
SM
MD
LG