ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилин накъостийн тобанна алап лур ду Iамеркин Iедалша


Одессан областан администрацин куьйгалхочо Саакашвили Михаила дIахьедар дина, шен накъостийн тобанна алап дала ахча делла Iамеркин Iедалша аьлла. Саакашвилис дийцарехь, цу хьокъехь цуьнан барт хилла Iамеркин Украинехь волчу векалца Пайет Джеффрица.

Саакашвили Михаила билгалдаьккхина и ахча коррупцица къийсам латтор хьокъехь йолчу программица луш хилар. Ахчанан барам буьйцуш бац.

Цул сов Гуьржийчоьнан хилла волчу президенто шен Фейсбукехь йолчу агIон тIехь хаам бина Одессера полицин белхахой Iамеркин полисхоша Iамор бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG