ТIекхочийла долу линкаш

Керла видеон тоьшаллаш карийна Немцов вер толлучу талламхошна


Немцов Борис вийначу наха цунна тIаьхьа хьожуш лелориг дIаяздина видеош карийна талламхошна. «Росбалт» агенталло дийцарехь, политик верна бехке ву аьлла лаьцна волу ши стаг ву цу тIехь Москох ГУМ туьканчухула лелаш. Немцов а, цуьнца хилла зуда а чохь йолчу кафен корехула чу а хьоьжу и шиъ. Видео цIена яьккхина ю, зуламхойн яххьаш дика гуш ю.

XS
SM
MD
LG