ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаевна тIехь юха а кхел яр доьху адвокаташа


Бостонерчу марафонехь лелхийтарш дина волчу Царнаев ЖовхIаран адвокташа дехар дина керла кхелан процесс хилийтахьара аьлла. Цунах лаьцна Оршотан дийнахь хаам бина Iамеркерчу зорбанан гIирсаша. Кхеле дахьийтинчу кехатан тIехь кхин хIара ду аьлла керла хIума дац. Амма адвокаташна хетарехь, керла кхел яр оьшу нийсо толийтаран дуьхьа.

Мангал-бутт чекхболуш Царнаев ЖовхIар вен кхел йира федералан кхело. Цо а, цуьнан вашас Тамерлана а динчу шина эккхийтарехь вийра 3 стаг. 250 сов стаг чевнаш хилла вара. Царнаев Тамерлан вийра полицица хиллачу герзашдеттарехь, ткъа Царнаев ЖовхIар лецира полицино Бостон-гIалин йистехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG