ТIекхочийла долу линкаш

Цхьана заманахь кIора боккхучу оьрнашчу, царна чохь дIаьвше газ ю-яц къастош, хьоза хоьцуш хилла. Иза лахь, кхераме дуйла кхидIа маьIда даккха лаьтта буха восса хууш хилла кIорабоккхучу белхалочунна...

Оцу хьозан дакъа ду тахана хьекъалдолчу, Iилма девзачу нахана кхаьчнарг. Уьш Оьрсийчуьра идаро гойту хьал пачхьалкхехь адамна даха кхераме, вон дуйла.

Маршо Радионе социологин Левада-Центрерчу талламчас Левинсон Алексейс дийцира хIун нах бу Оьрсийчуьра тахана а дIабаха лаам берш.

Левинсон: «Советан пачхьалкх лаьттинчу мехкашкара даиманенна а дIабаха луурш, юкъарчу хьолехь аьлча, 12 процент бу. Ткъа лаккхара дешнарш бийцича – уьш 15 процент бу. Яьккхийн таронаш йолучаралахь уьш 18 процент бу. Яккхийчу шахьаршкарчу бахархошлахь а бу дIабаха луурш 18 процент.

Эрна а дац иза. Iедал ша мискачу нахехьа дуйла моттийта гIерта. Амма иза бакъду бохург а дац. ХIунда аьлча, таро йоцу нах тешна бу Iедал хьолахошкахьа хиларх. Делахь а, мискачарна тоаме ду цкъачунна Iедалан дайша дуьйцург, цо ден къамел».

Ткъа хIун бахьанаш хьалхадоху махкахбовла леринчу наха, аьлла, динчу хаттарна иштта жоп делира социолога Левинсон Алексейс.

Левинсон: «Стигалкъекъа-баттахь алссам адамашка хаьттича, дIабаха ойла йолучаьрга хаьттича, хьалхадериг ду дозанал арахьа дахар тоьлаш хилар, шолгIачу меттехь – кхузахь экономикан хьал тешаме дацар, кхоалгIачу меттехь – берийн оьшшу хиндерг дацар, боьалгIачу меттехь – 20 процент – Оьрсийчохь хьаькамийн къизаллах хьалхавала некъаш бацар».

Делахь а даймохк бита луучу Оьрсийчоьнан бахархойн массо а бахьанаш цхьанна тIедоьлху – политике, царна ца тов таханлера Iедал, цуьнан халкъе ларамбацар. Левинсона иштта къастадо и бахьана.

Левинсон: «Хьо пачхьалкхана оьшуш воцийла гар – иза вуно хала ду. Цу тIе, цхьа хьаькамашна а доцуш, халкъана хьо ца эшар. Шайн политикан хьажамболучарна го шаьш санна нах оьшуш боцийла. Лазаме ду и дерриг а».

Оьрсийчуьра нах тахана уьдуш хилар, къаьсттина Iилманчаш, билгалдаьккхира шен Маршо Радиоца хиллачу къамелехь Iедална оппозицехь йолчу «Йиллина Оьрсийчоь» цIе йолчу боламан координатора Баронова Марияс а. Пачхьалкхо къаьсттина кху тIаьххьарчу шарахь гаттоне кхачийна интеллигенци, бохура цо а.

Баронова: «2014-чуй -15-чуй шерашкахь гуманитаран интеллигенцех экономика бахьанехь мухIажирш хилла. Нахера белхаш дIабоху, рицкъ даккха аьтто бац. Нах тIетIаьIIина ингалсан мотт Iамош бу, мухха а бевлла а хене бовлархьама. Iилманчаш тоххара аратийсина махкара, цхьаьннан а цуьнан бала а боцуш. Пачхьалкхан лакхалла «Армата» танканаш, я космос цоьсту ракеташ арахецарехь яц...»

Шена гонахарчу дахарера сурт а хIоттош, дийцира Оьрсийчуьра хьекъалдолу нах стенна уьду тахана «Ведомости» газетан корреспондента Эйсман Марияс. Цо халахетарца хаийтира шен го муха, стенна дIабахана.

Эйсман: «ТIаххьарчу шарахь наха къамелаш кIезиг до, ткъа дукха дIабахана. Сан уллерчу гонера 6-7 доьзал дIабахана. Уьш хьуна иштта дIа бевза нах бац, доьзалца, берашца ас цхьаьна садеIна нах бу. Царех цхьа доьзал бахана, ша стенга боьду а хууш, меттиг а кечйина, тоьлла хьелаш долучу. Ткъа докккхачу декъанна ханна, шаьш стенна, стенга боьлху а ца хууш боьлху нах.

«ГIирма вайн ю» боху хан тIеяллалц ца лелла хIуманаш ду уьш. Нахана дIабахар коьрта ду, бен а дац – стенга. Нахана шаьш цхьа гетто чохь бохкуш санна хета, кхузара бевдичхьана, бен-башха а дац, мича, стенга, стенна. Шайн кхетамца тIом беш го царна гонахарчу адамаша. Веха ма ца Iало стаг оцу хьолехь. Доккхачу декъаца дахаран мехаллех болу кхетам цхьаъ бацарна дIаоьху-кх нах».

Маршо Радиоца къамел дина социолог а, журналист а, политик а цхьана даггара бу Оьрсийчоь интеллигенцино юьту бахьанаш дийцаре деш – гатто ю церан синошна, бац дахаро маршонаш кхачор ю аьлла кханене тешам.

Адамаш хIинца а уьду цхьана коьртачу бахьанийца – царна хьайна Iедалан шогалла, Оьрсийчуьра дахар сингаттаме ду царна. Ткъа нах махкара уьдуьйтурш, царна ида бахьанаш дохурш тоьллачу хьелашкахь, лаккхарчу дог-ойланца а, таронашца а беха цкъачунна. Делахь а, ца хуьлу и тайпа ниIмат а даиманенна.

XS
SM
MD
LG