ТIекхочийла долу линкаш

Кремлна бен-башха дац Серби харц хилар – иза цуьнгахьа ю


Босни-ХIерцоговина - Хасанович Жамала протест кхайкхийна, шен сербаша доьза вайина кIант схьалахар доьху цо Iедале, 2014

Босни-ХIерцоговина - Хасанович Жамала протест кхайкхийна, шен сербаша доьза вайина кIант схьалахар доьху цо Iедале, 2014

Югослави юхучу муьрехь лилхинчу тIемийн ларш яц тахана а йовш. 20 шо кхочу Боснерчу Сребренице гIалахь сербаша 8000 эзар маьрша бусулба вахархо хIаллаквина. Оцу зуламан мах хадош, дуьненаюкъара сацам тIеэца гулъелла ю кху деношкахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташо.

Кху тIедогIучу шоьтан дийнахь шен къоман эскархоша боснийхошна баьккхина бохам хьахочу Сребренице ша гIур а ву, цигахь бусалба нахаца цхьаьна бехк боцуш байинарш дага а лоцур бу, аьлла Сербин премьер-министра Вучич Александра.

«Зама кхаьчна тхуна тхаьш машарна кийча дуйла гайта а, тхайн карах эгначу нахана хьалха корта охьатаIо а» - бохура цо шен пресс-конференцехь.

...ХIан-хIа, иза дац Серби ша 20 шо хьалха боснийхошна къиза таIзар дарх къера ю бохург. Цуьнан политике ладоьгIча го, цхьана агIор иза шен бехк а гуш, ткъа буьззина шена тIехьарчо а ца лууш ехийла.

Амма Европан Бертан декъа яха а, цуьнан гIоьнца когахIотта а лаьа Сербина. Цундела ю иза гIеххьачул шегара дийлинчу зуламашна кIера. ГIеххьачул, тIех чIиркъе ца юьйла-аш, бехк шена тIех тIе ца кхуьйла-аш.

Оцу хIоьттинчу шатайпанарчу политикан цейтнотехь Сербина тIекарло еш хьийза Кремл.

Кху муьрехь дехьа-сехьа, кар-кара луш, яржайо агенталлаша шина тайпа информаци. Цхьайолчу хьостанаша боху, Сербин куьйгалхоша Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташонан декъашхо йолчу Оьрсийчоьне, нагахь санна оцу дуьненаюкъарчу хьукмато Серби Сребреницехь къиза хьийзарна бехкееш нислахь, цуьнан резолюцина тIе вето тохар дехна.

Вукху хьостанаша боху, иза бакъдац, Сербино и дехар ца дина Кремле.

Ши кIира хьалха цунах дерг ша элира премьер-министра Вучич Александра. «Сербино цкъачунна ца бина Оьрсийчоьне гIодеха сацам», - бохура цо журналисташка.

Вучича бахарехь, дуьненаюкъарчу хьукмато сербаша Сребреницехь боснийхошна динчу зуламах «геноцид» цIе тиллахь Серби юьхьIаьржахIуьтту, барам боцуш естар ю цуьнан тIаьхьало.

Сребреницехь 8000 стаг вер диц ца дарал совнаха, цунна боггIу мах хадо а, и саннарг кхечу мехкашкахь ца нисдалийта а лерина ду Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организаци сербашкара 20 шо хьалха даьллачу зуламан боггIу мах хадон гIертар.

ХIинца дуьххьара хьахош тема а яц иза Цхьаьнакхеттачу Къьамнийн организацино. «Геноцид» санна хьаьжира леллачу бохаме 2004-чу шарахь ХIаагера дуьненаюкъара трибунал.

ХIетахь эзарнашкахь боснийхой байар экхира трибунало сербин инарлана Крстич Радиславна – набахте хьажийра иза. Цул тIахьа кхо шо даьлча, 2007-чу шарахь, дуьненаюкъарчу кхело «геноцид» термина елира Сребреницехь сербаша динчу зуламна. Билгалдаьккхира Боснерчу тIамехь 100 эзар гергга стаг бехк а боцуш вийна хилар.

Сербино, вайна ма-гарра, тIеоьцу шена бехк, амма ца оьцу буьззина, цхьана декъанна. Оцу ирчачу хиламан, билгал а баьхна, цIерашца хила беза бехкебийраш, аьлла хета Сербин куьйгаллина. Цунна хетарехь, нийса дац бехк массо а сербашка такхийтар. Ткъа дуьненна хууш ду куьгбехке сербаш эзарнашкахь буйла – хIетахьлера Iедал а, цуьнан эскарш а, шаьш-шайггара къиза хьийзина могIара герзахой-ксенофобаш а.

Йоьдучу Кхерамзаллин Кеташонан сацам, вето а тоьхна, шена ца товчу хоршара баккха таро йолчу Оьрсийчоьнан позици сербашкахьа ю. ХIинцале Оьрсийчоьнан арахьарчу министраллан векалша хаа а хаийтина иза. Кремл дуьхьал ю Сребреницехь лелла къизалла дуьненене «геноцид» ю алийта.

Кремлан Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацерчу векала Чуркин Виталийс тIеэца кечйина резолюци сербашна дуьхьалдоккхуш документ ду аьлла Британин а, Iамеркан Штатийн а векалшца къамелдеш.

Оьрсийчоьно шина тIамехь бIеннаш эзарнашкахь шайн нах хIаллакбинчу нохчашна къаьсттина мехала ду Сребреницехь леллачу къизаллах дуьнено муха мах хадабо тергалдар.

Нохчашкахь а еха дегайовхо шайх бехк-гунахь а доцуш нах байар зуламхошна бекхам боцуш дуьсур дац бохучух.

Сребреницех лаьцна резолюци тахана-кхана Iораер ю. Лелларг лелла даьлла 20 шо даьллехь а. Цо гойтур ду мел ницкъ бу Нийсонан Харцонца къовсалучохь тола.

XS
SM
MD
LG