ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши саммит йолаелла Оьрсийчура Уфахь


Китайх а, Оьрсийчоьнах а, Казахстанах а, Таджикистанах а, ГIиргIизойчоьнах а, Узбекистанах а лаьтташ йолчу Шанхайн цхьаьнакъахьегаран организацина а, БРИКС олучу организацина а юкъайогIучу пачхьалкхийн куьйгалхойн саммит йолалуш ю Башкирин коьртачу гIалахь Уфахь. БРИКС организацина юкъахь ю Бразили а, Оьрсийчоь а, Инди а, Китай а, Къилба Африка а. Цу шина а вовшахтохараллехь кху шеран гIантда ю Оьрсийчоь.

БРИКС декъашхоша шайна кхеташонехь дийцаре дийр ду Укранинера хьал а, Грецера кризис а, ДАIИШ тобанера схьаболу кхерам а. И кхеташо дIахьура ю къевлинчу рожехь. Шанхайн цхьаьнакъахьегаран организацин саммитехь дийцаре дийр ду и тоба шоръярца доьзна хаттар. Цунна юкъаэца мегаш ю Пакистан а, Инди а.

Уфахь саммит хуьлу аьлла дукхах болу бахархой дIабахана цу гIалара. Иза ларйеш ву 10 эзар гергга полисхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG