ТIекхочийла долу линкаш

Еврозонина юкъараяла лууш яц Греци


Еврозонина юкъараяла дагахь яц Греци. Кхаарин дийнахь Европарламентехь вист хуьлуш, Грецин премьер-министро Ципрас Алексис дIахьедар дира Товбеца-беттан 9-чу дийнахь экономикан реформех лаьцна план кховдо дагахь ду шаьш Европерчу кредиторашка аьлла. И реформаш ян дагахь ю Греци, нагахь шайна кхаа шаранна лерина керла ахчанан кредит лахь.

Ципраса дийцарехь, реформийн хьалхара гIулч йоккхуш тIедогIучу кIиранах пенсийн а, ял яккхаран а реформаш йоло дагахь ду Грецин 1едалш. Кху беттан 12-чу дийнахь Евробертан саммит хир ю, Грецерчу хьолах лаьцна хаттар дийцаре деш. Иза цу пачхьалкхан тIаьххьара аьтто бу шен экономика къелхьаръяккха а, еврозонина юкъахь йиса а.

XS
SM
MD
LG