ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIакъевлина Iазап лелорна дуьхьал комитет


Iазап лелорна дуьхьал йолу комитет дIакъевлина шаьш аьлла, хаам бина цу адамийн бакъонашларйон организацин куьйгалхочо Каляпин Игора. Бахьана ду Оьрсийчоьнан Iедалша иза кхечу пачхьалкхийн агент ю аьлла цIе тохар. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша.

Кхечу пачхьалкхийн агентийн реестрна Каляпина куьйгалла дон Комитет юкъатоьхнера кху шеран Дечкен-беттан 16-чу дийнахь. Амма тахана Лахара Новгородан областан кхел реза цахилира Каляпина а, цуьнан накъосташа а бина латкъам тидаме а эцна, церан организаци кхечу пачхьалкхийн агент цахилар даре дан.

Каляпина дийцарехь, Iазап лелорна дуьхьал йолу комитет дIакъовларх лаьцна сацам бина цу хьокъехь вовшахтоьхначу конференцехь. Iазап лелорна дуьхьал йолу комитетан белхахой реза хилла шайн организаци дIакъовла, кхечу пачхьалкхийн агент санна болх цабан.

Iазап лелорна дуьхьал йолу комитет кхоьллинера Лахара Новгородера бакъонашларъярхоша 2000-чу шарахь. Оьрсийчохь болх бина ца Iаш, цу комитетан белхалоша шайн махкахойн бакъонаш лайора Европерчу адамийн бакъонашкахула йолу кхелехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG