ТIекхочийла долу линкаш

Украинина герз дала деза аьлла хета Iамеркин инарлана


Украинина герз дала деза аьлла дIахьедар дина Iамеркин эскаран штабийн куьйгалхойн цхьаьнатоьхначу комитетан куьйгахо хIоттош волчу инарло Данфорд Джозефа. Вашингтонехь ша цу даржехь чIагIвеш Сенатан комитетан декъашхошна хьалха вист хуьлуш элира цо иза.

«ТIеман агIо схьаэцча, суна хетарехь, нийса хир ду цу тайпана накъосталла вай украинахошна дича. Бакъдерг дийцича, цу тайпа вай гIортор цаяхь украинахойн аьтто хир бац Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьал латта. Суна хетарехь, вайн къоман кхерамазалла ларъярна уггаре а кхераме ю Оьрсийчоь», - элира инарло Данфорда.

XS
SM
MD
LG