ТIекхочийла долу линкаш

Керри саготта ву ГIажарийчоьнца дIахьош долу дийцарш хьокъехь


ГIажарийчоьнца дийцарш дIахьочу 6 пачхьалкхан векалша уьш совцор ду, нагахь ТехIранан оьшуш болу сацам бан ницкъ цатоахь аьлла дIахьедар дина Iамеркин пачхьалкхан секретаро Керри Джона. Еарин дийнахь ТехIранца барт бан аьтто бера боций хиинчул тIаьхьа Iамеркин пачхьалкхан секретаро дIахаийтира ша догдаьлла хилар шаьш дIахьочу дийцарийн процессах.

Шаьш чакхе а йоцуш хьоьжуш Iойла дац гIажароша цхьа сацам баллалц бохуш вара иза. Нагахь ТехIрано сацам ца бахь шаьш дуьтур ду и дийцарш, элира Керри Джона. Цунна хетарехь, ГIажарийчоьно хIинца а политикан сацам бина бац шен зарратан программа дIакъовларца боьзна болу.

XS
SM
MD
LG