ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанехь вийна "Исламан пачхьалкхан" куьйгалхойх хилла СаьIид Хафиз


ОвхIанистанехь а, Пакистанехь а йолчу регионехь «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан куьйгалхо СаьIид Хафиз вийна ОвхIанистанехь Нангархар провинцехь. ОвхIанистанан къоман кхерамазаллин сервисо бинчу хаамца, СаьIид Хафиз а, кхин а 30 гергга тIемало а вийна Шоьта дийнахь тIеман кемано ракеташ а, бомбанаш а тоьхна.

Исламан пачхьалкх олучу тобанан векалша цкъачунна тIечIагIбина бац и хаам. Кху беттан 9-чу дийнахь ОвхIанистанан Iедалша хаам бира, мехкан малхбалехь ракеташ а тоьхна тIемалойн хьалханча Шахид Шахидулла вийна аьлла. И стаг дукхаханйоцуш дIакхеттера «Исламан пачхьалкх» олучу тобанах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG