ТIекхочийла долу линкаш

Желтойн мохк дефолтах хьалхабоккхуш бу


Европерчу пачхьалкхийн барт хилла Желтойн мохк дефолтах хьалхабоккху программа тIеэца, и мохк еврон дознашкара ца боккхуш, финансийн кризисах Iалашбан. Оршоьтан сарахь Брюсселехь ЕвроБерто тоаме лерина желтойн Iедало ахча кхоорехьа кечйина реформаш. Царна юкъадогIу Желтойн мехкан парламенто кхаарийдийнахь шайн пенсионан система а, ял эцаран кепаш а, белхан меттигаш латтор а, электрикан кхачояр а, цхьамогIа кхиболу ахча Iалашдаран барамаш а тIечIагIбен низам арадаккхар.

И низамаш арахецначул тIаьхьа желтошна церан пачхьалкх банкрот ца хилийта оьшшучул рогIера кредит лур ду Европан Берто. Желтойчоьнан премьер-министра Ципрас Алексиса хаийтина ша хиллачу бертана реза вуйла.

XS
SM
MD
LG