ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Омск гIалахь салтийн хIусам хаьрцина


КIирандийнахь Оьрсийчуьрчу Омск гIалахь 23 салти велла, I9 лазийна эскаран декъехь, буьйсана салтий чохь бийшина Iен хIусам харцар бахьанехь. Еа гIаттах лаьттачу оцу гIишлочохь садоIуш хилла массо а 42 эскархо карийна херцаршна бухахь.

Оьрсийчоьнан зорбано бечу хаамашца, белларш бу I8 шарера 24 шаре кхаччалц болу кегийнах. Лазийнарш Москох дарбанан цIийне хьажийна. Интерфаксо бечу хаамашца, эскаран декъера гIишло ян ма еззара йина яцарна хаьрцина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG