ТIекхочийла долу линкаш

Белялов Рамзан чохь сецаво


Ессентуки гIаларчу кхело Нохчийчуьра вахархо Белялов Рамзан ГIадужу-батте кхаччалц лаьцна сацо ша бина хилла сацам хийцам боцуш битина. Гуьмсахо Белялов Рамзан бутт хьалха Iуьйранна балха воьдучура лаьцна д1авигира Ставрополера баьхкинчу полисхоша. Х1етахь дуьйна «К1айн г1ург1аз» олучу Пятигорскерчу набахтехь латтош ву иза.

Цунна бехкедо 20 шо хьалха, Басаев Шамал коьртехь а волуш, Буденовск гIалина тIелатар динчу тIемалойн могIаршкахь иза хилла хилар. Адвокаташа а, цуьнан гергарчара а, цуьнца цхьаьна Башкортостанехь болх беш хиллачара а тоьшаллаш дарехь, билгалъяьккхинчу хенахь Белялов Рамзан гIишлош еш, йолах болх беш хилла

XS
SM
MD
LG