ТIекхочийла долу линкаш

«Чеченводоканалан» инженерна 1 шо хан


Нохчийчуьрчу Нажи-Юьртан кIоштан кхело набахтехь яккха шо хан кхайкхийна «Чечводоканалан» инженерна Джанбеков Юнусна. Иза бехкевина кхело Стигалкъекъа-баттахь 4 шо долу кIант хих дуьзина, къовлаза дисинчу орчу воьжна валарна.

ХIетахь Талламан комитето хаамбира, ша кхачойоллуш таллам бийр бу, хьенан бехках къовлаза дисина «Чеченводоканалан» белхахоша даьккхина ор, аьлла. Бинчу талламаша гайтарехь, хин биргIанаш тоеш, кхо бутт хьалха дуьйна а даьстина лаьтташ хилла бер чудоьжна ор.

XS
SM
MD
LG