ТIекхочийла долу линкаш

Европера а, Оьрсийчуьра а даймахка лелачу нохчашна некъан ханашкарчу полицица цакхетамаш, хьовзамаш бевлла меттиг нисъелча шайга арздеш зIене бовла телефон билгалъяьккхина Нохчийчуьрчу Iедалан дайша. 9-1-1 хир ю и ноьмар.

Аьхка тIе ма еънехь, Нохчийчохь гIеххьа алсам йовлу Европерчу пачхьалкхашкара схьаихина машенаш. Цаьрца цIа ихина бу нохчий, цхьана хенахь, тIом бахьнехь кхечу пачхаьлкхаша тховкIело елла болу.

Дукхачу хьолехь хIинца Беллорусехула дIасаоьху нохчий. Украинехула а лелара. Амма, хIинца, атта дац машенца оцу пачхьалкхехула ваха-ван.

Массийта пачхьалкхехула, ша налхах урс санна цхьа а новкъарло а йоцуш чекха а ваьлла цIа вогIучу, муьлхачу нохчочунна бала хуьлу Оьрсийчоьнан дозане кхаьчча. ТIом боьдучу хенахь санна, кIошташна юккъехь лаьттачу блок-посташкахь сеца а беш, тIех сов леррина талламаш беш, хьийзабо уьш.

И чолхаллаш дукха хуьлу дела, Нохчийчуьрчу Iедалша, сацам бина, нагахь санна ишшта харцо шайга йийцахь, Соьлжа-ГIалара гIо хир ду аьлла. Министрийн кабинетан юккъейогIучу арахьарчу гIуллакхийн комитетан куьйгалхочо Хаджимурадов Iийсас, кхайкхам бина, нохчашна сел герга йолчу ватсапехь, шайга аьрзанаш де аьлла.

ХIинцачулла тIаьхьа, хIара вай нохчийн 911 хир ю, аьлла шен телефонан номер а гIараяьккхина цо.

Хаджимурадов: «Ас хIара хIунда луш ю аьлча, марханаш даста цIа богIуш нах бу шортта. Къаьстина Европера схьа оьхучу нехан, дуккха некъа хьовзамаш хуьлу аьлла хезнера суна. Вайга ша мел долу кхачамбацарш дIадахалур ду бохург-м дац иза, делахь а, сих-сиха нохчий хьийза а беш, хIума лелош хилча, вай кхузарчу Iедалшкахула а, Москохахь болчу депутаташкахула, цхьа некъ лело хьовсур ду оцу хIуманна.

Новкъахь шаьш и гIуллакх дерза а дина, схьабогIуш хилча а, боккъал а хьовзам шайна хиллехь, хаам бахьара аш оцу ватсапехула. Царна цхьа Iаткъам бан хьовсур ду вай».

Боккха бала бу тахана нохчочунна Европера машенца а, гIаш а цIа вар, бохуш дуьххьара арз деш дац. Хецца некъ хуьлуш бац, хьо мел цIена кехаташ долуш велахь а. Цкъаццкъа пачхьалкхан дозанехь лаьтташ берш кхеташ а ца хуьлу, кхечу пачхьалкхарчу машенна урхалла деш, муха хир ву, Оьрсийчоьнан вахархо, олий бохуш Маршо Радиога дийцира Францехь вехачу Гелагаев Iусмана. Стохка, ХIирийн махкахь иштта гIуллакх Iоттаделлера шайн, элира цо.

Гелагаев: «И бала болуш бу. Нохчий хьийзабо. Стохка тхуна хилларг хIун дара хьуна аьлча, тхо цIера дIадоьлхучу хенахь, Гуьржийчоьнехула а, Турцехула гуобаьккхина даха дегадеънера тхуна. ХIирийн махкахь, Гуьржийчоьнца дозанехь, ара ца довлуьйтуш тхо совцийра. Францера машен ю, шу бакъо яц, Оьрсийчоьнан бахархойн иза лело бохура. Цхьа шина сахьтана хьовзам бира тхуна, хаза неха санна».

Оьрсийчоьнан Iедалша шайн бахархой лоруш ца хилча, шаьш а хIунда лоруш бу уьш, аьлла кху шарахь Белоруссехь а, нохчий чекха ца бовлуьйтуш хIума леладо цигарчу дозанхоша. Шен боьвзучу цхьана наха, боккха гобаьккхина, оцу бахьанца, аьлла кхин дIа а дуьйцу Гелагаев Iусмана.

Гелагаев: «Стохка тхо цIадоьлхучу хенахь, Белоруссехула цхьа а новкъарло а йоцуш чекхадоьвлера тхо. Кху шарахь нохчий цигахула чекх ца бовлийтина. Мухха а аьлча а, ца бахийтина уьш. Прибалтикехула гобьаккхина бахнера уьш».

Шен махкахь а, Оьрсийчохь а, оцу хIуманаша боккха дагахьбаллам буьту, бохуш халахетарца билгаладаьккхира Францехь вехачу Гелагаев Iусмана.

Гелагаев: «Уггаре а новкъа дерг хIун ду аьлча, цхьанна а меттехь хьо мичча а вахча, новкъарло ца йо. Гуьржийчохь, бела а белла, паспорте а хьаьжна, некъ дика хуьлда аьлла дIадахийтира. Иштта дара Турцехь а, Болгарехь а, Хорватехь а, кхечанхьа а.

Цхьанна меттехь новкъарло еш стаг вац. Оцу Оьрсийчохь аэропорт елахь а, миччахь велахь а, юьстах а воккхий, кхерамазаллийн урхаллера белхахо а валавой, хьо моссуьйтуза цигахула чекхваьллехь, таллам бо. Бакъдеррг дийцича, и хIуманаш кIорда а дина. Иштта новкъарло йо-кх Оьрсийочьнан дозанехь».

Оьрсийчоьнан некъашца тахана, масала хьо Москохара схьавогIуш, цхьа а новкъарло хир яц Кавказе чу кхаччалц. Кхузахь юьйлало блок-посташ а, леррина талламаш а. Эххара хIинца-м, цхьана сахьтIехь цIакхочура вара со аьлла хетачу хенахь, хIирийн-гIалгIайн дозанехь Чермен постехь, дIахIоттийна бу адамашна таллам беш болу керла гIирс.

Цигара чекхаволучуьнна тIедожош ду, рентгенехула чекхвалар. И блок-пост дIаяьккхийта гIерташ, деххачу дерашкахь дукха аьрзанаш дина гIалгIаша, амма, цуьнан метана, иза кхиъ шора йеш, чIагIйина.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG